ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекистанан президентах хилларг хууш дац


Шоьтадийнахь дуьйнна инсульт хилла реанимацехь Iуьллучу Узбекистанан президентан Каримов Исламан могашаллех билггал хаамаш бац. «Фергана» агенталло, цIарх ца юьйцучу хьостанашна тIе а тевжаш, президент кхелхина аьлла хаам баржийнера интернетехь, амма Оьрсийчоьнан информацин агенталлаша бакъ ца до Каримовн валар.

Шинарийдийнахь Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс дIахаийтина, Кремлехь цхьана а кепара Узбекистанан президентах лаьцна керла хаамаш цахиларх, я Москохна оьзда а дац Каримовгарчу хьолах комментареш ялар. ГIеххьа хан оьшу лоьрашна могашаллин талламбан а, цул тIаьхьа дарба лелон аьлла, дIакхайкхийна пачхьалкхан урхаллийн коьртачу кхеташоно.

Инстаграмерчу шен агIонтIехь куьйгалхочун йоIа хаамбинера, хьечу цIий доьсина, Ташкентерчу дарбан цIийне пIераскандийнахь охьавиллина шен да, цхьана эшшарехь ву, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG