ТIекхочийла долу линкаш

Шинарийдийнахь президент Путин Владимиран пресс-секретара Песков Дмитрийс дIахьедина, шеконе ду Оьрсийчуьра хакерш бехке бу Iамеркан Аризона штатера харжамийн хьукматан информаци лачкъийна бохург, аьлла. Журналисташка цо элира, "бух боцуш ду Iамеркан дегабаамаш, цхьа а факташ яц, тешалла доцу бехкедарш ду, доцца аьалча", аьлла. Цул совнаха, оьшуш а дац, Кремло тидаме эца и бехк-Iоттамаш, аьлла, тIе а тухуш.

Iамеркан шина штатехь Аризонехь а, Иллинойсехь а оьрсийн хакерша харжамхой дIаязбаран компьютерийн системийн догIа а дохийна, къола дина аьлла, Iорадьккхинера шинарийн Iуьйранна штатийн зорбанаша. Пачхьалкхехь президентан харжамашкахь а хиндолчу жамIашна тIеIаткъам барна кхерам хеташ, Iамеркан къайлахчу сервисаша биллина дIахьош талламаш бу.

Пачхьалкхан секретаран администрацехь тIечIагIдо, ФБР-на оцу гIуллакхца оьрсийн лар гуш хилар.

XS
SM
MD
LG