ТIекхочийла долу линкаш

Масех де хьалха туркойн эскархоша Шемахь ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанна дуьхьал тIеман операци йолийча дуьйна схьа, хIора денна аьлча санна, эшамаш ловш ю и тоба.

Туркойн эскархоша деш гIо а долуш, меттигерчу оппозицино, доккхачу декъехь Шеман Маьрша эскар олучу тобано Шемин неврехь Iуьллуш йолу Джераблуз гIала даIишхойх цIанйира.

ТIаьхьарчу шина шарчохь ДаIишан куьйгакIелахь хилла йолу и гIала Туркойчоьнан, Шеман пачхьалкхан дозанна уллохь Iуьллуш ю, цу дозанна цхьа чакхарма бен генахь йоцуш.

ГIаличуьра бовда безна даIишхой къилбехьа, Димашки агIор Iуьллучу эл-Табка гIала бевдда, иттанаш цу тобан декъашхой оппозицин ницкъаша йийсаре а лаьцна.

ТIаьхьарчу масех баттахь ДаIиш тобано лайначу тIеман эшамашкахь рогIераниг бу хIинца Джераблузехь цара лайнарг. Юкъарчу хьесапехь шаьш хьалха Иракъехь а, Шемахь а дIалаьцна, шайн олаллехь латтош хиллачу лаьттанех 30 процентера 40 проценте кхаччалца территореш карар евлла церан.

Цу эшамашна юккъехь уггаре а боккханиг бара бутт хьалха ДаIишера эл-Фаллуджа олу гIала оппозицин ницкъаша дIаяккхар.

ХIетте а, Европера а, доллучу дуьнентIера а ДаIишах дIакхета дагахь Шема агIор дIаоьхучу, церан идеологих Iехалучу кегирхойн терахь соцуш дац. ХьастагIа Австрин терроризмаца къийсам латторан хьукматан векалша телевизионехула мукIарло дира, Шема оьхучийн терахь хьалха санна лакхар дацахь а, амма цига баха новкъабуьйлу я цига баха кечамаш беш болу кегирхой хIинца а сих-сиха совцабо шаьш, и кегирхой вайн юкъараллина боккъал а боккха кхерам а бу, аьлла.

Лондонерчу Элан колледжан Iилман белхахо волчу профессор Нойманн Петере хаьттира Маршо радионо, муьлш бу тахана а ДаIишах дIабетталуш болу нах, церан хIун юкъара аматаш ду билгалдаха йиш йолуш, аьлла.

Нойманна Петер карарчу хенахь Малхбухехь ДаIишерчу террорхойх уггаре а вевзаш волу аналист ву, бIеннаш цу юкъерчу кегирхошца интервьюш йина цо куьйгалла дечу дуьненаюкъарчу эскпертийн тобано. Шен зеделлачуьнца кхаа декъе бекъа мегар ду Малхбузера ДаIишах дIакхета оьхуш болу нах, бохуш дийцира Iилманчано.

Нойманн: „Уьш хIун нах бу аьлла ахь хаьттича, кхаа тайпе боькъур бар ас уьш. Хьалхара тайпа - царах оха гIодархой, орцахбовлархой олу. Уьш Шемара тIом болабеллачу муьрехь, 2012-2013-чу шерашкахь цига дIабахнарш бу.

Вуно лакхара суннитхой идентитет йолуш нах бу уьш. Мотиваци а яра церан лакхара. Уьш тешна бара Шемахь сунниташна дуьхьал дIахьош геноцид ю аьлла. Сан нах цигахь бойъуш бу, царна деш таIзарш ду.

Церан зударий цигахь хьийзош бу, ас царна гIо дан деза аьлла бахана бу уьш цига. ШозлагIчу тобанах ас „шайн дахарехь маьIна лоьхурш“ олу. Уьш ДаIишо шаьш Халипат хIоттош бу аьллачул тIаьхьа бахана бу, 2014-чу шарал тIаьхьа. Цу тобанийн баккхий кхиамаш буйла шайна гинчул тIаьхьа.

Уьш кху Малхбузехь шайн дахарна цхьа а ориентаци а ца карош, шаьш кхузахь хийра а хеташ бехаш нах бара. КхозлагIниг, тIаьхьарниг тоба – ас цунах „цхьанна тIаьхьабозабелла, тIаьхьатассабелла лелаш берш“ олу. И нах интернетехула радикализаци а хилла бахана бац цига, уьш шайн хьалхехьо Шема дIабаханчу доттагIаша ле а бина, дIабигина бу.

Цундела ма хуьлу цхьайолчу гIаланашкара, масала, Германехь Золингенера, Динслакенера я Белгехь Моленбергера я Британехь Лондонера алсамох кегирхой Шема бахар нислуш. ХIунда? ХIунда аьлча, цхьаъ -шиъ цига дIавахнехь, дукха хан ялале царна тIаьхьа боьлху церан доттагIий.

Дукхахчу кегирйхойн иза цхьаъ бен доцу бахьана хуьлу Шема баха – шайн уггаре а дика доттагI цига дIавахана хилар бен“.

Цу юкъана тIеман эшамаш ловш йолчу ДаIиш тобано рогIера къиза видео яржийна кху деношкахь.

Интернетехула террорхоша зорбане яьккхинчу видео тIехь гуш ду, тIехьажарехь шийтта-кхойтта шераш долчу кегийчу бераша тIехьахула куьйгаш а дихкина, гор хIиттийна лаьттачу йийсархошна-кхурдошна тоьпаш етташ.

Цу чалтачалла дан дIахIиттийначу берашна юккъехь шен кIант вевзина Британин цхьана вахархочунна. Цу махкарчу Индепендент газете цу стага дийцарехь, цуьнан хьалхарчу зудчо вина, 13 шо долу кIант ДжоДжо ву экзекуцехь дакъалоцуш верг.

Шеца дIакъаьсталца рок-эшаршлакхархо хила йолу шен дуьххьара хIусамнана, ша йитинчул тIаьхьа Хьусайн Джунайд цIе йолу Iарбойн орамаш долу жима стаг а вевзина, им диллина, шен кIант а эцна, цуьнца Шемахь ДаIишан тобанах дIакхетта, бохуш дийцина кIентан дас. „

Дика а волуш, хьекъал долуш кIант вара иза, хье билина цара цунна..

„Дика а волуш, хьекъал долуш кIант вара иза, хье билина цара цунна, Iехийна иза“- аьллера цо журналисташка

XS
SM
MD
LG