ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даймахкахь каш доцуш...


Лар йоцуш байначу нехан де, нохчашна герга делахь а, иза билггал ца даьккхина махкахь.

Хьалха санна, гергарчеран аьтто бац майданашка а бевлла, шайн бала дерриге а дуьненна дIабалхо.

Иштта беха уьш, шайн лазам кийрахь а къуьлуш. Шо шаре мел долу иза байло бохург а бакъ дац.

Итт сов шарахь шайн дIабигинарш дийна ца хиларх кхета дуккха а. Царах хилларг хIун ду; дIабоьхкина аьлча а, лаьттах таIийна меттигаш хиъча а синтем хир бара шайна олу цара.

Касумова Тамарин кIант дIавигина 13 шо хан ю. Тахана а сатийсамехь еха иза цуьнах цхьаъ къаьстар ду бохуш. Иза дIавигар-м цхьанна а тайпа цуьнан бехк болуш хIума а дацара, бохуш дийцира цо Маршо Радиога.

Касумова: «Сан кIант дIавигна 2003 шарахь Iай. Ши бутт баьлча, кехат а дара, иза цхьанна а тайпа тIемалошца зIенехь вац аьлла. И гIуллакх дIакъовлуш, юха схьадоьллуш хIума леладора, ас иза Страсбурге даларна кхоьруш. Путина и ира хаттар жоп доцуш хIунда дуьту? Тхан берийн бераш а ма ду, тхан дай мичахь бу бохуш, хеттарш деш».

Тахана Оьрсийчохь, юридикин агIор кхоччуш мах хадийна бац «лар йоцуш, ян тIепаза вайна» бохучунна. Оцу терминна кIел, ма дарра дийцича боьлху цIеххьана байнарш.

ДIа хьан бигна а хууш, амма, официала хаамашкахь, хьан бигна хууш дац, бохуш дIа а язйина, дуккха а бу Нохчийчохь.

Статистика схьаэцча а, цхьана 2003 шарахь 300 ца кхоччуш стаг вайна. Иштта, цул а хьалха а, тIаьхьа а догIучу шерашкахь а. Тарамова Маликин кIант а иштта дIавигнера. Хьан вигна а, мичахь латтийна а хуушехь, цунна тIаьхьа ца кхиъна иза.

Тарамова: «ХIунда вигна, хьан вигна, мича вигна сан кIант бохуш хеттарш дора ас. Измайлов Руслан бохуш цхьа казах вара салти. Эвла йисте хи эца бохучу салтшна гIароллехь хуьлура иза. ГIаш царна тIе а яханера со. Соьга схьахьажа а ца ваьхьара иза. Хьан кIант Ханкала дIавигна элира цо. Кхоьрура салтий а, эпсарш а».

ДIабигнарш лохуш цхьа а болх беш а бац Нохчийчохь. Цунна меттана моттаргIанаш ю, аьлла хета кIант вигинчу нанна Тарамова Маликина.

Тарамова: «2-3 де даьлча, кху Веданахь талламан комитет яцара. Со яхара Теркйисте адамийн бакъонашкахула кхеташоне. ТIаккха Шелахь кхоьллинера талламан комитет. Цигахь а хиллера со. Шортта наной бу иштта боьлхуш, шайна бераш дIадигина».

Официала лараршца а, мел лаххара а 5 эзар стаг ву Нохчийчохь, цхьацца хьелашкахь эскархоша, я полисхоша дIалаьцначулла тIаьхьа вайна. Ткъа, ма дарра долу сурт-м, шозза-кхузза лекха ду аьлла хета бакъонашларъярхошна. Юккъаралхочо Апаев Асланбека иштта элира цу хьокъехь.

Апаев: «ТIепаза вайна а, дIалаьцна а, ца йогIу хенаш тоьхна а, шортта нах бу. 25 эзар ца кхоччуш ву. Оцу меттера оццул дакъа даьккхина, кхечанхьа оццул даьккхина олий, къайлахь соьга олу. Дуккха а бу байна. ХIора дийнахь дIалоцуш, байнарш лерича хуур ду иза».

Нохчийчохь шортта меттигаш ю, Iедалшна а, нахана а, цигахь дIабоьхкина нах буйла хууш.

Оцу оьрнаш чохь, къизаллийца, кхел йоцуш байина нах бу. Церан декъий хьала а догIуш, уьш хьенан ду къасто гIодан лууш яра Европан Кхеташо а.

Оцу гIуллакхна цхьа миллион ах миллион евро ахча а хьажо кийча яра иза.

Амма и оьшуш долу гIуллакх, Оьрсийчоьнан Iедалша чекх а ца даккхийтира.

Ала догIу, лар йоцуш байначу нехан терахьаш Оьрсийчохь а лекха ду.

ХIора шарахь 120 эзар стаг вовш ву. Царах 60 эзар герга-божарий, 38 эзар-зударий, 23 эзар-бераш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG