ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хиллачу бохамна хьалха шаьш бисинарш


Махкара Iедал, цуьнан лаам-таронаш зе санна, карзахдаьллачу Iаламо юха а даккхийра зенаш дина бахархошна Нохчийчохь. КIезиг бац чохь Iа бен боцуш биснарш.

Масех де хьалха догIанца хьаькхначу мохо цхьаболчу бахархошна дина зенаш иттаннаш эзарнашкахь дагарло.

КIошташлахь алсам зенаш динчех цхьаъ ю Теркйист кIошт.

Карзахдаьллачу Iаламо къаьсттина дукха нахана эшам бинчех ю Лаха Невре, Лакха Невре,ЧIулга юрт, Бена юрт, ярташ,суьйре,Iелин юрт.

Дуьххьара мох баьллачу суьйранна 30-35 эзар вахархо виснера ток йоцуш.

Цхьайолчу ярташкахь и ток хIинца а кхачо йоллуш схьаелла а яц.

Масала Лакха Неврехь охьадиттинера лакхарчу Iаткъамца ток йоьду бIогIамаш. Тахана а тодеш ду телаш тIеоьхкина бIогIамаш.

Юкъ-кара бен ток яц Бена юьртахь а. Ахь муьлхха цIе яьккхича а харц хир дуй те аьлла дукха бу ярташкахь зенаш хилларш.

Фронтонна доьттина еттинчу кибарчигийн оганаш чу а детташ,хIусамаш чуьра баккхал, йийбар, ур-аттал ангалин пхьегIаш кеггийнарш а бу, тхевнаш тIе а оьгуш.

Лакха Неврехь цхьа некъахо веза ваьккхина, машенан корабаьрг а отуш мохо шифер тIе а тоьхна.

Дукха хан йоццуш дина даьккхинчу оьздаллин цIийнан тхов дамар цу беш бохийна ницкъалчу мохо Iелин юьртахь.

Алсам зенаш хиллачу лахановрахоша а,лакхановрахоша а чIагIдарца цкъачунна Iедало гIо деш дац зенаш хиллачарна. Цара дийцарехь орцаллин министараллин белхой ярташкахула бIаьрг тухуш чекхбевлла, хIун-мила ду хьовсуш санна.

Билггал хууш дац бахархошна шайна Iедалера мел, мича барамехь гIо хир ду я дац. И хир дац аьлла шеко кхобурш дукха бу. Бахархой шайн бохамашций цхьа бисина хетачех ву Лаха Неврера вахархо Зайндиев Леча.

Леча: «Деллахь тхевнаш дIакхехьний, керташ чуйиттаний меттигаш дукха ю.БIогIамаш а херцийна. Цхьадолу тхевнаш мохо горгам санна хьерчийна. Орцаллин министараллин белхой хьаьвсина дIабахна, цхьаболчарна кехаташ а яздина, амма гIо да-м ца долийна цкъачунна. Шайна-м кхоллур яра цара…»

Цхьаболчара билгалдаккхарца юртдайша дIааьлла нахе, шуна дан гIо дац, хIусмаш меттахIитторехь шаьш лол тоха хьовса. Цунах а, гIийла бохкучу нахе деанчу вонах а, церан дан амал цахиларх а дуьйцуш ю,ас юьззина цIе ца йоккхуш юьту лакха Неврера яхархо Асет.

Асет: «Нехан тхевнаш дукха дохийна. Сан маьрйишин а тхов дIакхоьссина. Иза ю хьуна цомгаш кIант а волуш гIийла йоллуш. Баьхкина бохура хьовса. Юртда а веъна хилла хьенан хIун йохийна хьожуш.

Юха тIаккха хIусмаш йохийнарш тIебахча,шаьш дIатое аьлла,шен шуна дан гIо дац паргIа-т дIатое аьлла Мисканаш дукха бу мохо де дохинчарлахь. Цхьа зуда суна а хууш шен денцIа дIаяхна мохо бен боха а бина.. Артисташний, футболисташний, концерташ мел ловзочарна дала-м хуьлура иза».

Ала дашна кху Теркаца Iохкучу кIошташкахь кест-кеста нислуш ду чехкачу мохо зенаш дар.

Стохка –лурчах,масала, цIеххьана ницкъала кхерстинчу мохо даккхий зенаш дира нахана Ломаз юьртахь.

Цул дикка хьалха Iаламца доьзна эшаме меттиг нисьелира Iелин юьртахь а.

Бакъду кхачо йоллуш Iедалхой орцах бевлира бохург,кIедо аьлча бакъдолчунна гена дара. Мел тоаме дацахь а цхьаболчу юьртахошна гIо хилира.

И дерриге гина а,хууш а болу дахарехь зеделларш кхин дIоггара дегайовха а бац,Iедалхоша шайлахь де доьхначарна сторпал-дукъонца, кибарчигца, эчигца аьтто бийр бу-кх аьлла

XS
SM
MD
LG