ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1700 нохчо ву Европе кхача гулвелла Брестехь


Брестехь Европе кхача араваьлла 1700 нохчо ву тахана – божарий, зударий, бераш, къаной. Стенна уьду нах Нохчийчуьра, хIун дан догIу цара некъ нислуш ца хилча, муха го хьал мухIажиралла юьхьаръэцначарна, Полшерчу диаспоран лидерна, даймахкарчу бакъоларъярхошна?

...ХIара йоза дечу сахьтехь Белорусинний, Полшинний дозанна уллерчу майданахь дIатаръелла Iара нохчийн йоккха тоба – зударий, бераш, къаной, гIеметтара божарий. Цаьрга Iуьйранна дуьйна аьлла лаьттара, шуьца Белорусерчу Полшин консулатехь къамел дийр ду, шайх 4-5 стаг векалве. Ткъа сарахьо, векалш вовшах а тоьхна, дIабигина меттиг Брестера прокуратура нисъелира - тешнабехк. Буьйса йолале дозанера куп дIаса ца ялахь, шаьш ОМОНе лохкуьйтур ю, аьлла, юхаяийтира делегаци.

Царех ву Iабдулла. Цо довзуьйту Полшин-Белорусин дозанехь гулбеллачу нохчийн хьал.

Iабдулла: «Со 31-за гIоьртина дозанах чекхвала. Ца волуьйту. Амма хIоразза а олу, волуьйтур ву, сатийса. ГIудалкхахь воккха стаг а, цуьнан зуда а ду кхузахь, оцу зудчунна масситтаза вон хилира, дог а маллуш.

Тхоьга тхо террорхой ду а олу, ДАIИШ-хой ду а олу, лоьций, дуьгий, етта а етта. Ахча кхачийначарна тхаьшка далуччул гIо а деш, садетташ-м Iа тхо Европе кхача".

МухIажиралла юьхьар а эцна, кху еххачу аьхка, деладенна Бресте дIа а оьхуш, Полше кхача гIертачу нехан вуй-те балаболуш хьакамех, къомах жоп дала мелла а торучех стагга а?

Полшерчу нохчийн диаспоран лидер Ильясов Шарпудди цкъа а вац мукъа оцу гIагIанах. Европе гIерта махкахой Полше кхача безаш шаьш хиларе терра, цуьнца зIе лохуш хуьлу даима а. Амма иза вац хIуманнах а воккхавеш, дац цуьнан а дан хIума.

Ильясов: «1700 сов стаг гулвелла оцу дозане. Кхузарчу Iедалца кест-кеста девнаш-м доху ас, и нах тIеэца бохуш. Ткъа Полшин миграцин урхаллехь, шу и нах кхузахь совца лерина бац, кхидIа, Германе я кхучунхьа дIагIур бу, цундела ца буьту махка олу. Ткъа оцу вайн нехан балаболуш бац я даймохк а, я кхузара, Европера, вайн векалш а".

Тамаше ду цхьа хIума, цкъа а, цхьа а стаг Iедалан тергонера вужуш а йоцчу Нохчийчохь стенна ца хеза махкара бахархой уьдуш бу, цуьнан бахьана стенгахь Iуьллу олуш я телевизионехула а, я Кадыров Рамзанан кхеташонашкахь а? Талатохар ма ду къам махках къехкар, бIеннаш эзарнашкахь адам мачадалар.

Оцу хьокъехь къамел хилира Маршо Радион президентан цIарх Нохчийчохь адамийн бакъонийн тергоечу Нухажиев Нурдица.

Цо дикане сатийса, шайн дахар аттачу даккха, шайн цIахь хьацарца рицкъ леха ца хIуьтту адамаш до бехке, ткъа Iедало беш бац нахана цхьа а ницкъ, боху.

Нухажиев: «Даймохк ма бита, иза мухха а белахь а, тоьлу хьуна, ма гIерта гена, пана-махка дIа! ТIом дIабаьлла дукха хан яц, дац цкъачунна кхузахь ма-луъу дика а, амма хьан даймохк ма бу хIара. Шайн нохчалла а, шайгара оьздангалла а цIахь кхаба.

Стаг зуламдеш вацахь, кхузахь цуьнга хIумма а ца боху. Нисло оьзда воцу полисхо а, иза Iамо а гIерта, хьоьху цунна гIиллакх. ... ЦIадуьйлу, цхьаъ бу вайн даймохк".

Эфир арайолучу юкъанна, Полшерчу Тересполна гергарчу дозанехь куп тоьхна, бацалахь шаршош яржийна Iачу массех бIе нохчочун, шайна прокуратурано тесна кхерам бух боллуш буйла а хууш, цхьацца вокзалашка дехьабаха дезна. Ткъа вокзалаш а ю кхечу нохчийн бIеннех яьхина лаьтташ.

Уьду нохчий шайн махкара. Стенна уьду, официалехь дац луш жоп. Ткъа багахь, наха Полшин дозанхошка дукха хьолахь эриг, аьлча а, некъан интервью луш яздийриг, массара а санна, цхьаъ ду,– гатто ю даймахкахь, даа-мала ца тоарал а Iаткъаме ду бакъонаш хьоьшуш латтар, ала а, лела а, хетарг къадо а маршонаш яцар. Амма и ойла а шалха йолу, ма-гарра. Ткъа бакъдерг хьулдойла а дац – дакъаза болуш бу нохчийн мохк, ког ма-боллу, уьдуш ду цигара къам.

XS
SM
MD
LG