ТIекхочийла долу линкаш

Узбекистанан оппозици меттахйолуш ю


Узбекистан -- Каримов Ислам

Узбекистан -- Каримов Ислам

Хьечу цIий доьссина, Ташкентерчу дарбан цIийне кхачийна волу Узбекистан президент Каримов Ислам велла, аьлла, масех де хьалха бина хаам, хьем ца беш, харц бира цу пачхьалкхан куьйгалло а, цуьнан йоIа а.

Дийна велахь а, вацахь а цхьа хIума билгал хетало тахана: Ислам Каримовн дахаран оьмар чекх ца яьллехь а, цуьнан политикан дахар хаьдда хилар. ТIаккха муха дара цуьнан и дахар? ХIун лар юьту цо шел тIаьхьа? Муьлха кхерамаш а, аьттонаш а тIеIоттабала там бу Узбекистанна?

Цу хаттаршна жоьпаш лоьхуш къамел хилира сан Iамеркехь вехаш волчу Iамерке Узбекистанан хьалхара векал хилла волчу Маликов Бабурца. Цул хьалха Узбекистанан Юстицин Министр декхарш кхочуш а дина цо.

Цунна ехачу хенахь дуьйна дика вевза Каримов Ислам. 1993-чу шарахь Ташкенте белхан гIуллакхана кхойкху аьлла шега Президента цIа кхайкхича, цIа кхайкхаран бахьана ша чуволла кечйина кIело юйла хиинчул тIаьхьа, Iамерке юхаван каелира цуьнан.

Цу шарахь дуьйна Iамеркехь вехаш волчу Бабурас тергонехь латтобо шен Даймахкара хиламаш. Узбекистанерчу оппозицин боламехь коьрта куьйгалхойх ву иза. Каримов диктатор хиларна дуккха а эшамаш хилла Узбекистанан экономикана аьлла дIадолийра цо шен къамел.

Суна иза куьйгаллехь волу хан Узбекистано аьттонех пайда ца эцна хан ю аьлла хета. Цунна цхьа бахьана ду: Керимован дуьнене хьежам готта хилар ду. Авторитаре пачхьалкх а кхоьллина, шен диктатура а чIагIйина, цо тесна йитира экономика а, пачхьалкхехь долу хьал а. Политикехь а цо гуттар а хIилланаш леладора: цкъа, Оьрсийчоьнца гергарло дIатосуш, тIаккха, Iамеркица юкъаметтиг чIагIъеш.

Цо пачхьалкхана ткъе пхиъ шарахь динчу Iуналлах бIаьрг тоьхча, гуш ду Узбекистан шен кхиинчу хиллачу индустрих яьлла хилар. Иза яьлла цхьана хенахь дика кхиина хиллачу текстилан машенан индустрих а, юьртабахаман машенаш ечу индустрих а, кеманаш деш хиллачу индустрих а.

ШолгIа, инзаре дукха кегий нах, кхин тIех сов дешна боцу кегий нах, тахана Оьрсийчохь болхбеш бу гастарбайтарш санна. Ша аьлча, чохь а, арахь а нуйш хьоькхуш, акха хьелашкахь болх бо шайна жимма кепек еллачхьана. Уьш Узбекистанера дIабахна. ХIинца официале доцу терахьшца, уьш кхо миллион ву боху. Суна ца хаьа, со ца хьаьжна цу терахьашка, амма иза тоьшалла ду Узбекистанерчу экономикера хьал дика ца хиларна.

Тахана Узбекистан президент мила хир ву ала ца хIутту Бабур. Керимована президентан дарж тIех сов дукха дезар а, цуьнан осал амал а бехкейо цо ша хийца я го а, я стаг а кеч ца варна.

Ткъе пхиъ шарахь Каримовc ца кхоьллина болхбанлун йолу профессионалийн тоба. Цо нах каранаш санна хуьйцура. Тахана иза юьстахваьлча пачхьалкхана Iуналла данлур долуш стаг ванне а вац. Цунна а ду бахьана – иза кхоьрура. Иза кхоьрура шегара Iедал схьадаккхарх. Цундела, цо шена гонахь ца гулбора лакхара кIорматалла йолу говзанчаш.

Дуккха а бехкбоцу нах чубохкарна а, хIаллакбарна бехкево Каримов дуьненюкъарчу бакъонашларъярхоша. Ткъа цо уггаре чIогIа мостагIала лаьцна нах бусалба дин лелош болу нах хетало. Маж лелор а, коьртах хьиджаб тиллар а хьовзаме дерза тарло таханна а Узбекистанерчу бусалбачарна. Узбекистанехь маьрша дин лело йиш ца хиларна, цигара дуккха а кегий нах дIакхетта Гергарчу Малхбалехь а, ОвхIанистанехь тIом бечу радикале боламех.

Цул сов Узбекистанерчу бахархоша цхьана заманехь кхоьллинера ‘Узбекистанан Исламан Болам’ тоба а, тIаьхьо Туркменистанан Исламан Болам' аьлла керла цIе хийцира цо. Иза террорхойн болам лору дуьненан юкъаралло. Каримов дIаваьлча, цара хIун дан там бу, аьлла хетара аса Бабуре.

Суна ма-хаарра ‘ИДУ’ я ‘Туркестанан Бусалба Болам’, ДаIиш тобанах дIакхетар бахьанехь Талибано хIинца и хIаллакйина. Ткъа биснарш хIинца я Талибанца бу, я ДаIишца бу. И цхьаъ ду. Цул совнаха Каримовна духьал бусалба оппозици ю.

Иза ма-дарра аьлча радикале яц, ткъа иза Каримовс царна хьалхадохкучу декхаршна муьтахь яцара. И нах Узбекистане юхабахка беза. Каримова тIейогIучу заманчохь йоккха эккхар йолу мина йоьллина Узбекистанехь. Иза бусалба оппозици ю. Хьовсал тахана уьш бехкебан ца оьшу вахабисташ буй, салафиташ буй, бохуш. Цара лелош ерш бусалба мехаллаш ю.

Церан буйнара КъорIан схьадаха мегар ма дац, коьртара йовлакхаш схьадаха мегар ма дац. Цо цхьа шеко йоццуш кхуллу протест а, оьгIазло а а. Царна дуьхьал бехк-такхаман гIуллакхаш а доладо, уьш набахте чу а бухку. Уьш цхьаъ, шиъ стаг хилла ма ца Iан, царна юкъабогIуш дуккха а доьзалш ма бу.

Иза инзаре онда мацца а иккхина, Узбекистанехь эккха тарлун IаьIна энерги ма ю иза.

Махкахь тIом хиларан кхерам кхоллабала мегий аьлла шега хаттар дича, хIара жоп делира суна Бабура.

Суна хетарехь гергга долчу пхиъ-ялх шарахь тийна хьал хир ду Узбекистанехь. Амма цхьаболчу даржхойна юкъахь хир бу къовсам. Керимовс дуьрста тесина латтийна уьш. Цунна ша санна шера хаьара царах хIора а вовшийн антагонист вуйла, уьш вовшийн оппозицехь буйла а, мостагIий буйла а. Лакхахь летар бу Iедалан мукъан дуьхьа.

Еха хиллачу интервьюн чакхенехь шен махкахошка кхайкхам бан лиира Бабурана. Цу кхайкхамо гойту цунна шен махках, цуьнан хин долчух а дог лозий. Узбекистанера хьал демократин хорша дерзо некъаш а хоьху цо шен кхайкхамехь.

Суна сан интервьюх пайда а эцна, сайн накъосташка кхайкхам бан лаьа. ХIинца вайн катоьхна хIара Каримов валарца йоьзна эйфорин мур тIаьхьабита беза. Дуккхаболчеран хIинца эйфори юй, самукъадаьлла бу ушь Каримов велла хилар бахьанехь.

ХIинца вай катоьхна Узбекистане оппозицин коьртачу ницкъийн цIа дахаран хьокъехь тактик а, стратеги а вовшахтоха еза. Церан хIинца а аьтто бац харжамашкахь дакъалаца а, церан аьтто бац кхаж тасарехь а дакъалаца, амма уьш нагахь санна цIа гIахь, церан аьтто хир бу ша тайпа тIеIаткъам нахана бан.

Уьш тахана цIа бахар чIогIа пайдехь хир дара тIаьхьалонна. Цунна тIебахийта беза боллу гIирс а, дуьненан юкъараллин берг тIехь цхьаьна. Узбекистанерчу ханна хин долчу Iедале, кхаъ баттахь иза хир долуш ду цигахь, цу Iедаланна тIеIаткам бина, цуьнгара политикан эммигранташна цIа бахкийта бакъо яккха еза.

ТIаккха церан харжамашкахь жигара дакъалаца йиш ца хилахь а, нахана тIеIаткъам бан йиш хир ма юй церан.

Иштта къамел хилира сан лаамза махках ваьллачу узбекца. Миллионашкахь баьржина бу дуьне мел ду Узбекистанан бахархой. Царах цхьаберш Каримован режимо къебар бахьанехь, рицкъ даккха меттиг лоьхуш махкара арабевлла; вуьш – Каримовс даккхале, шайн са дадийна бахана. Д

укха а узбекаш нисло махкара харцо лан ца елла дIабахна а. Церан массеран а махках бовларан юкъара цхьа бахьана ду – Каримов Ислам. Цунна цхьанна и Iедалан коьрта дарж сел чIогIа дезаро баьхна уьш миллионашкахь махках.

XS
SM
MD
LG