ТIекхочийла долу линкаш

«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан уггар коьрта идеолог Абу Муххьамад ал-Iаднани вийна Шемарчу Алеппо гIалахь аьлла, хаам баржийна ДАIИШ-хойн интернетера жигаралла шен тергонехь латточу дуьненаюкъарчу SITE юкъаралло. Iамеркан тIеман министралло шен дIахьедарехь бакъдо, дуьненаюкъарчу коалицин ницкъаша шинарийдийнахь Эль-Баб гIалин кIоштана хIаваъ кеманашца тохарш деш, цигахь ал-Iаднани нисвалар.

«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанан буьйранча Абу-Муххьамад ал-Iаднани тобанан пресс-секретаран декхарш кхочушдеш а вара. Европерчу пачхьалкхашкахь цхьалха теракташ даре кхуьйкхура цо джихIадхой. Хьалхо Шемахь вийна аьлла кхайкхийра ДАIИШ тобан тIеман буьйранча аш-Шишани Iумар а.

XS
SM
MD
LG