ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасу-Юьртахь хилла бели моьттура машар…


Нохчийчохь хьалхара тIом берзош Хасу-Юьртахь нохчийн эскарийн баьччас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а машаран кехат тIечIагIдина 20 шо кхаьчна.

1996 шеран Марсхьокху беттан 6-чу дийнахь тIемалоша Соьлж-ГIалина тIелатар а дина, иза массийта дийнахь ерриг дIалаьцча, цхьанна а ца хаьара, иштта машарца и тIом боьрзура буйла.

Юьхьанца оьрсийн инарлийн штабо 24 сахьт делира гIалара маьрша нахана арабовла.

ТIаккха, шаьш иза дIашарйир ю аьллера.

Ишта а йохийна хилла йолу гIала йиснарг а йохорах а, цу чохь махкахь мел волу тIемало гулвелла хилча, муххале а хала дацара царна.

ГIала шарйир ю аьлча, тIемалойн могIарш а гатделлера. Бисинарш. цхьа эзар ца кхоччуш стаг, цигахь вала а, виса а, «Маршо, я Iожалла» аьлла дIахIоьттинера.

Нохчийн тIемалошшна а цIеххьана хилла хIума дара, барт бан шайга кхойкху аьлча. Кхоьрура тешнабехках. Цундела, Хасу-юьртан администрацина хьалхарчу майдане, дуьххьара, йоккха шеконца могIарера тIемалой баьхкина хилла, юха церан баьччаш, тIаккхий бен цига ца кхаьчнера Масхадов Аслан а.

Оьрсийчоьнан политикан лакхене гIерта инарла Лебедь Александр, хьалхе кхаьчна, бухахь Iаш хилла. Дийцарш дуьйладеллачу хенахь, оцу майдан тIехь дIахIотта а стаг вацара, бохуш дуьйцура шен репортажехь, Маршо Радионан оьрсийн редакцин корреспондента Радуев Хьасина.

Арахь дукха гIовгIа еш, корах ара а хьаьжна Лебедь Александра, куьйгаш а ластийна, мохь балийтира, шен стомма озаца: «Ма ейша гIовгIа! Кху чохь дийцарш ду дIадоьлхуш», аьлла.

Машаран бертан гIуллакх шайх а доьзна дуйла кхеттачу наха, ала догIу, шайна юккъаххь беккъа нохчий хилла Iаш, кхидолу къаьмнаш а долуш, дIатийра.

Маршо Радиога цу дийнах лаьцна шен дагаалецамаш бийцира Хасу-юьртара вахархочо Доддо Мурада.

Доддо: «Нохчийчохь тIом болчу хенахь, чIогIа халонца тIе ма оьцарий иза. Наха ладугIура ша долчуьнга. И ша мел долу диканиг а, вуониг а хезаш дара. Боккха хилам бара и дийцарш. Эскархой чуьра арабевлча, тIом соцур бу аьлла хетара массарна а».

Машаре сатийсам цхьана нохчийн хилла Iаш бацара. Цуьнга хьоьжуш бара шаьш дагестанхой а, лулахошна тIебеана бала, шай санна тIеэцна болу, иштта ерриге а Оьрсийчохь а.

Салтийн наношна а боккха кхаъ хиллера иза. Оьрсийн инарлашна юккъахь, бакъдерг дийцича, Лебедь Александро хаьржинарг Оьрсийчоьнна ямарта некъ бу аьлла хетара.

Цуьнца оцу делегацин юккъе вахийтина вара Лукин Владимир, шен хенахь Iамеркехь Оьрсийчоьнан векал хилла волу. Дукхачу декъана, ша зеделла политик волу дела, цо бехха къийсамаш баьхьнера нохчашца бертан бараман.

Нохчашна лаьара ОБСЕ-н векал Гульдиман Тим а дакъалоцуш хилийта.

Лукин, ма хуьллу дуьхьал хилла цунна. ХIетте а, тIехьажархо санна юьстах хиина Iийна Швейцарера дипломат.

Ала догIу, Гульдиман Тиман доьналица хилла а дара и дийцарш.

Хасу-юртара кхечу вахархочо Ильясов Салавдис а дийцира, оцу дийцарех шена дагадогIург.

Ильясов: «Дага догIу суна Хасу-юьртан барт беш. Дуккха а нах бара цигахь гулбелла. Цхьа нохчий хилла Iаш бацара. Кхиберш а бара. МухIажирш а бара Хасу-юьртахь.

Мухха а сацийна а, тIом сацийча хазахийтира нахана. ТIаккха нах цIаберза буьйлабелира. Амма 1999-чу шарахь и тIом юха а чубалийра вайна. Уьш муьлш бу а хууш ду вайна».

Тахана Оьрсийчуьра дуккха а политикаш, нохчий хьаьшна дIабаха беза, тIом чакхене кхаччалц, тIаьххара нохчо веллалц дIабахьа беза бохуш хилларш, кхечу агIор къамелаш деш бу.

Дуьххьара тIеман министр хиллачу Грачев Павела, шена тIера бехк баьккхинера, ша Iехийнера, шега тIом байтинера бохуш.

ХIинца, Лукин Владимира а, ша шинарийндийнахь «Коммерсант» газетана еллачу интервьюхь ца хьахийна, и барт бинчул а тIаьхьа масех минот яьлча аьлларг.

«Тхуна массийта шо оьшу жимма метта дахка. ТIаккха тхо юхадогIур ду!».

XS
SM
MD
LG