ТIекхочийла долу линкаш

КIирандийнахь Китайхь дIахьонйолчу Джи 20 саммитехь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентца Барак Обамица туркойн оппозиционеран Гюлен ФетхуллахIан экстрадици ярх дийцарш доло дагахь ву Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп.

Президентан векало Калын ИбрахIима бина и хаам. Вашингтоно цкъачунна жоп доцуш дитина туркойн дIахьедар. Iамеркан вице-президента Байден Джос дахначу кIирандийнахь Хонкарахь дIахаийтира, Iамерка а, Туркойчоь а юкъарлонехь ю, Гюлен Хонкаран каравала тору я ца тору къастош. Низамийн бухтIехь бен шаьш Гюлен дIалур воцийла а хоуьйтуш.

Туркойчохь тIеман карчам бан гIортарна туркойн Iедало бехкевен Iамеркехь вехачу Гюлена, Iедалца йозуш йоцчу кхело ша бехкехиларан тоьшаллаш даладахь, ша реза ву аьлла, даймахка юхаверза.

XS
SM
MD
LG