ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бесланехь дуьхьалонан акцина новкъарлойина полицино


Беслан-гIаларчу лоьмар 1 йолчу школехь дешаран шо долалучу гуламехь массийта зудчо акци дIаяхьира Iедална луьйш. Путинан сурт некха тIехь долчу кучамашца, цунна бехкаш дохкучу йозанашца масийта зудчо дIаяьхьира и акци. Яра царлахь «Бесланан аз» юкъараллин комитетан куьйгалхо Кесаева Элла а. 12 шо хьалха уьш оцу школехь закъалтна чохь латтийна бу.

Гулбеллачу зударша далхадора, шайн бераш дайинчу терактан таллам кхоччуш бина цахилар, бехкенаш жоьпе озийна, таIзар дина цахилар а. Дуьхьалонан акцин 5 декъашхо-зуда а, акцин видео, суьрташ доху «Новая» газетан ши журналист Костюченко Елена а, Хачатрян Диана а лецнера полисхоша.

Къилбаседа ХIирин куьйгалхойн делегаци тIехйолуш, ФСБ-н белхахоша а, полисхоша а шайн догIмашца къайлабаьхнера акцин декъашхой. Журналисташ маьршабаьхна полицино, ткъа бухабисинарш бехкебо алсам адам а гулдеш, барам хIотторна. 12 шо хьалха Оьрсийчоьне цо Нохчийчуьра тIом битийтархьама аьлла, Бесланера школа дIалецира 30 сов тIемалочо. Уьш хIаллакбеш школана тIедиттинчу герзаша вийра маьрша 334 вахархо, дукхахдерш бераш а долуш, 800 стаг лазийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG