ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекистанан президент кхелхина


Узбекистанан президент Каримов Ислам кхелхина аьлла хаамбо, кхаа хьостанна тIе а тевжаш, Рейтерс агенталло. Узбекистанан министрийн кабинето пIераскана Iуьйранна Каримов чIагIвелла аьлла дIакхайкхийра. Оршотдийнахь президентан йоIа социалан машанехь, шен да инсульт хилла реанимацехь ву аьлла яздира.

Цул тIаьхьа Узбекистанан куьйгаллин прессано а тIечIагIдира 78 шаре ваьлла, 25 шарахь сов куьйгаллехь лаьттина президент дарбанан цIийнехь хилар. Еарийдийнахь зорбанаша Iорадаьккхина, Узбекистанехь президентан тезетна кечамаш беш бу аьлла.

ХIетте а махкарчу Iедало бакъ ца дора Каримовн кхалхар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG