ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекистанан президентах кадамаш бо


Узбекистанан къоме президентах Каримов Исламах кадам бина меттигерчу телехьожийлехь Туркойчоьнан премьер-министро Йылдырым Биналис. Официалехь болчу хаамашца президент дийна ву, амма кхерамечу хьолехь. Хьалхо Reuters агенталло кхайкхийра, кхаа хьостанийн хаамех пайда а эцна, Каримов Ислам кхелхина аьлла. Ташкентехь цкъачунна и информаци тIе ца чIагIйо.

Официалан кхайкхам президентах хIинца а база бу. цундела цхьаболчу хаамийн гIирсаша дуьйцург тидаме эца ца деза аьлла Кремло. Путин Владимиран пресс-секретаро Песков Дмитрийс дуьхьалойина Оьрсийчоьнан президент Каримовн тезета вахарх лаьцна дийцаршдан. Белхан визит юкъах йоккхуш Узбекистане тезета ваха лерина ву кху деношкахь Китайхь волу Казахстанан президент Назарбаев Нурсултан, дуьйцу Reuters агенталло.

«Фергана» агенталлин хаамашца, Каримов ваьхначу Самаркандехь тезет дIахIотто кечамаш бу беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG