ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанан Къилбаседа-Малхбузерчу Мардан кIоштан кхелана уллохь пIераскана Iуьйранна динчу шина эккхийтарехь байинчу нехан терахь 12-нне хьаладаьлла. 27 стагна зенаш хилла, Синьхуа агенталлин зерашца. Церан хаамашца, байинчарлахь шиъ полисхо, 4 адвокат ву.

Кхерамечу хьолехь бу лазийнарш. Франс Пресс агенталлин хаамашца, лазийнарг 10 ву, кеп-кепара чевнаш йинарг 40.

Марданерчу кхелан хIусамчу кхоьсинера Iожалхочо граната, цул тIаьхьа кхела чу воьддучохь шолгIа эккхийтар дина.

XS
SM
MD
LG