ТIекхочийла долу линкаш

ПАРНАС партин куьйгалхочун гIовсна Кара-Мурза Владимирна тIелатар дина Новгородехь пIераскандийнахь. Фейсбукерчу шен агIонтIехь цо бинчу хаамца, кафехь делкъанна хIума юучу хенахь, туьтмIаьжгаш йоьхна чулилхинчу наха тIе хIоьаш диттина цунна. Оппозиционерах Немцов Борисах лаьцна Новгородехь кино йоккхуш хилла ша Кара-Мурза. «Корта а, юьхь Iалашо а лаьцна деттара цара хIоаш.

Аьрру бIаьрг лазийна шен, тIера духар маьттаза даьккхина. Сихонца бевдира уьш. Схьахетарехь гонорар схьаэца сиха хилла», аьлла яздо социалан машанехь Кара-Мурза Владимира.

XS
SM
MD
LG