ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу Веданан кIоштан кхело набахтехь даккха 3,5 шо хан тоьхна Хоттунерчу 26 шо долчу вахархочунна Мизиев Юсупна. Цуна бехкедуьллу Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанехь тIемаш бар.

Зорбанашкахь болчу хаамашца, Шемахь масех бутт баьккхина, даймахка юхавирзина хилла Мизиев, аьлла хаамбо прокуратуран векало, Мизиев Юсуп 2014-чу шарахь Шемахь кхелхинчу Мизиев Жабраилан ваша хилар билгал а доккхуш.

XS
SM
MD
LG