ТIекхочийла долу линкаш

Австрехь „Нохчийн нанойн нецверк“ цIе йолчу цхьаьнакхетаралло „Нанойн школа“ аьлла кхочушйечу проектах пайда эцна иттанашкахь зударша. Ур-атталла Британин арахьарчу гIуллакхийн министр Джонсон Борис а веанера нохчийн зударийн проект йовза уьш болчу пIераскан дийнахь.

„Нанойн ишкол“ боху дош хезча цу проектаца бала кхочучарна моттало цкъа хьалха, цигахь къона наной дуьненчу ваьллачу шайн ховхачу доьзалхочунна Iуналла дан, цуьнан аганан кошкарш дехка я цIано кхочушйан Iамош ду аьлла.

Амма иза аьттехь а дац. Цигахь дийцаре деш дерш кхин, дуккхаъ а чолхеха хIумнаша ду – кхиазхочуьн хене, я вуьшта яьлча, пубертате девллачу шайн берашца юкъаметтигаш ларйан Iамар, церан цу хенахь цIеххьана аьрха йоьрзучу амалех кхетар, цу берашца цу чолхечу муьрехь кхетам-кхиоран болх нийсачу тIегIанна тIехь дIахIоттор.

Амма коьртаниг – цу берашна радикалан хьежамаш коча а тийсина, уьш Iехон гIертачу экстремистийн кара уьш кхачийтар – цхьана агIор. Вукху агIор къаьстина боьраш криминалхойн машанех, урамашкахь кегий я даккхий зуламаш я куталш дарах ларор – вукху агIор дара цигахь дийцаре деш.

Австрерчу „Нохчийн нанойн нецверк“ цIе йолчу цхьаьнакхетаралло Дуьненаюкъарчу „Зударий доза доцуш“ юкъараллица цхьаьна дIахьош йолу и Мюттершуле проект хIинцале а вуно гIарйаьлла цу махкахь хилла ца Iаш, йоллучу Европехь а. Германера а, Финляндера а, Францера а, Британера а цу проектах зеделларг дахьа, цунах масала шаьш долчехь эца луург кхочу кест-кеста „Нохчийн нанойн нецверк“ цхьаьнакхетараллийн белхахой болчу.

Масех пачхьалкхан векалташкарчу дипломаташа а тидаме эцна иза. Ткъа пIераскан Iуьйранна цу проектах дерг довза а, иза кхоьллинчийн а, ткъа иштта цигахь дакъалоцуш хиллачу нохчийн зударийн зеделлачух пайда эца а Венерчу проектан офисе веанера Британин арахьарчу гIуллакхийн министр Джонсон Борис.

Шина денна белхан визитаца Австрехь нисвеллачу цуьнга Британин Австрерчу векало дийцина хиллера, иштта и мехала болх „Зударийн доза доцуш“ юкъаралло, „Нохчийн нанойн нецверк“ цхьаьнакхетаралло а дIахьош, аьлла.

ТIаккха бусалба кегирхойн радикализацин проблема вуно йоккха лаьттачу Британин коьртана дипломатана лиънера, шена и болх беш болу нах бовза.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачу нохчийн зударех ю Венин яхархо Сатуева Разет. Цо дийцира шена цу цхьаьнакхетаро бинчу тIеIаткъамах лаьцна.

Сатуева: „Тахана Британин арахьарчу гIуллакхийн министр тхоьца цхьаьнакхета варах чIогIа хаза кхаъ хилира тхуна. Тхоьца бала а кхаьчна, тхан сий а дина иза цига вар деза дара тхуна. Тхоьца цо къамелаш деш а, цо хеттарш луш а гуш дара иза доггах интерес йолуш лелаш вуйла.

Оха тхайн белхах цхьацца материалаш гайтича, видеош а, сарташ а гора цунна и проблема лазаме юйла. Адаман юхь тIехь гуш ма хуьлий, боккъал а балаболуш лелаш велахь а, вацахь а. Цхьа паргIат стаг хийтира суна иза, массаьрца тхоьца тIекарваьлла, хьал-де хоттуш, сонта воцуш стаг вара.

Оха дийцинарг вайн массеран а юкъара лазам бара- вайн бераш кхетам-кхиор, уьш вочу хIумнах лардар“.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш яра иштта Мюттершулен концепт кхоьллина а, Нохчийн нанойн нецверкаца цхьаьна болх беш йолу а Дуьненаюкъарчу „Зударий доза доцуш“ юкъараллин куьйгалхо, социлогин Iилманийн доктор Шлаффер Эдит. Цо дуьйцу.

Шлаффер: „Цунна хууш дара, и программа Австрехь дIахьош яра. Нохчийн тобанца тхо болх беш дуйла хиъча вуно йоккха интерес кхоллаелира цуьнан, хIунда аьлча цо элира, нохчийн коммьюнити юккъеваха хала ду, нохчех лаьцна вайна хууш а кIеззиг ду, аьлла.

Цо шена чIогIа лаьа элира цу тобанан тренершца а, цу тобан декъашхошца а вистхила, уьш цига кхачар муха нисделира, царна цу Нанойн ишколах хIун пайда хилира цаьрга дийцита лаьа шена аьлла. Британин арахьарчу гIуллакхийн министрана боккха тIеIаткхам хиллера, вуно боккха тешам вовшашца хила безаш проект ю элира цо вай йолийнарг“.

Джонсон Борисца цхьаьна нохчийн зударшца а, Мюттершуле проект дIахьочу шина юкъараллин белхахошца а цхьаьнакхета веана вара иштта Британин Австрера векал волу Тоьрнер Лай а, ткъа иштта Британин арахьарчу гIуллакхийн министраллин масех белхахо а. Цара дукха хеттарш дира проектах лаьцна.

Ингалс махкахь а кегирхой зуламечу боламех а, радикалхойн тIеIаткъамех а ларбаран болх нохчийн Нанойн ишкол проектах масала а оьцуш, шаьш долчехь болон Iалашо йовзийтира цара.

XS
SM
MD
LG