ТIекхочийла долу линкаш

Гезгамашин-беттан 2-чу дийнахь 78 шо долу 25 шарахь пачхьалкхан куьйгаллехь лаьттина президент Каримов Ислам кхалхар дIахаийтина Узбекистанан телевизионехь. Щоьтадийнахь Самаркандехь хIоттош ду тезет. Тезет вовшахтохаран комиссин куьйгалхо Узбекистанан премьер-министр Мирзиеев Шавкат хIоттийна аьлла дIакхайкхийна министрийн кабинето а, парламенто а къоман телегойтилехь.

КIирандийнахь хьечу цIий доьсина инсульт хилла президент Ташкентерчу дарбан цIийнехь ву аьлла хаамбаьржинчул тIаьхьа, хаамийн гIирсашкахь цхьаьна ца йогIу кеп-кепар информаци гучуюьйлура Каримовн могашаллех лаьцна.

Юккъерачу Азин уггар йоккхачу , 30 миллион бахархой бехачу пачхьалкхан хилла президент дIаверзош, кхаа денна тезет кхайкхийна махкахь.

XS
SM
MD
LG