ТIекхочийла долу линкаш

Бусулба динан Iадаташца ворхIе а дай Iохкучу Шахи-Зинда олучу кешнашкахь, шен дена-нанна уллохь дIавоьлли шоьтадийнахь Узбекистанан президент Каримов Ислам.

Каримовца къастаран церемони президентан резиденцехь дIаяьхьира. 17 пачхьалкхера делегаци яра кадам бан еана. Бара царлахь ОвхIанистанан, Юккъерчу Азин мехкашкара, Гуьржийчуьра, Къилбсаседа Корейра, Белоруссера, Украинера векалш.

Тезета ца вахана Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, оьрсийн делегацин куьйгаллехь вара премьер-министр Медведев Дмитрий.

XS
SM
MD
LG