ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьра ХьаьжцIа новкъаели тIаьххьара тоба


СаIуда Iаьрбичу ХьаьжцIа Нохчийчуьра кеманца шоьтан дийнахь тIаьххьара новкъаваьлларг ву, Динан урхаллин хаамашца, 218 вахархо. Хьалхо хиллачу хаамашца Марсхьокху-беттан 29-чу дийнахь хьалхара ши тоба дIакхачийна ХьаьжцIа. Кху шарахь Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташоно, бусулба Динан урхалло Макка-Медина ваха 1526 меттиг кхачийна махкарчу бахархошна.

Кхаабина уллерчу хьешан хIусамашкахь кечбина хан яккха меттигаш а бу хьаьжцIа боьлхучарна, аьлла чIагIдо Нохчийчуьрчу Динан урхалло.

XS
SM
MD
LG