ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герзан кхийсарш лахделла Украинехь


Кхийсарш совцо бартбинчу шина дийнахь цхьа а стаг ца вийна Украинан эскархойх Донбассехь. И хаам баржийна Киеверчу тIеман буьйранчийн векало Лысенко Андрейс. Конфликтан зонехь хьал дика лаьтта, сепаратисташа герзаш кIезиг кхуьйсу кху деношкахь, боху цо.

Ткъа галъюьйлу Донбассехь республика кхайкхийначийн статистика, цигарчу цхьана лидеро Басурин Эдуарда Iедалан ницкъаша 40-за герзаш кхийсира шайн агIор боху, ткъа сепаратистийн сайто дац, яздо, кхийсарш. Бахначу беттан 26-чу дийнахь Минскехь контакт латточу тобано бина герзаш совцорах барт. Дешаран шо доладарца тIемаш совцор дехнарг яра Киев.

2014 шеран бIаьста Оьрсийчоьно ГIирманна анекси ярца болийра Кремлехьа йолчу Украинерчу оьрсийн оппозицино Донбасс а Украинах дIахадо Iалашойолу болам. 9500 стаг вийна цигахь тIемаш буьйлабелчхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG