ТIекхочийла долу линкаш

ПIераскандийнахь вайна аьлла кхайкхийна Теркйистера 66 шо долу журналист, политик Мартагов Руслан цIавеана. «Керла газетан» журналисто Милашина Еленас Фейсбукерчу шен пенатIехь кIирандийнахь яздина: «Мартагов маьршаваьккхина. ЦIахь шега хьоьжуш талламхой карийна цунна, герехь царна хууш хилла иза цIа вогIу волу хан», аьлла, тIе а тухуш.

Кадыров Рамзан мехкан куьйгалле хIоьттичхьана гуттар критика йора цо Iедална. Мартагов дIавар оцу бахьанашца доьзнера цуьнан гергарчара.

XS
SM
MD
LG