ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинца къамелдина Обамас


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Обама Барака хаамбина, шен «гIуллакхе» къамел хилла Оьрсийчоьнан президентца Путинца Китайрчу G20-нан саммитан кулуарашкахь, шаьш Шемех а, Украинах а, киберкхерамзаллах а дийцира, аьлла.

ТIеман хьал дижор дипломатин новкъадаккха дезаш хилар а хьахош, дипломаташ оцу новкъанна кечбан, Шемарчу машарх дийцарш дIадахьа бартхилла Ханжоу гIаларчу оцу барамехь оршоьтадийнахь шина президентан.

Обамас гуманитаран кир бахархошна ца кхачийча ца долу, Москохца цхьаьна Демаьшко Асадна дуьхьаллаьттачу «оппозицина» тIе герзаш деттар харцо ю, аьлла Путине.

Украинах дуьйцуш, Минскехь машарх бина барт кхочушбан беза, иза кхочушбаллалц «санкцеш Вашингтоно лахйийр яц», аьлла Обамас.

Кибер-кхерамзалла юьйцуш, Оьрсийчоьно а, кхийолчу пачхьалкхаша а интернет-хьостанашаца я кхечу технологешца пачхьалкхашна зен дар шен гIагIанехь дуйла хаийтина Iаьмеркан президенто. «Герзашца къийсадалар» кибер-аренашка доьрзийла ца лаьа Вашингтонна, аьлла Обамас Путине.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG