ТIекхочийла долу линкаш

Кхеле цаларам гайтарна кхаа баттана набахте хьажийна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь болхбина, Магнитски Сергей вер толлуш декъаозийна волу Карпов Павел Британин Лакхарчу кхелахочо. Цунна бехкедина кхелан хеттаршна жоьпаш дала а, шен долара 877 эзар доллар ша муха вовшахтоьхна а хаийта иза цахIоттар.

Диъ шо хьалха Карповс дийхира Британин кхеле Магнитский верах доьзна официалехь Hermitage Capital Management компанина духьал дуьйцург теллина, бакъо тIеяккхар, ткъа кхело и болх барна дIа ца делла цо шегара догIу ахча.

XS
SM
MD
LG