ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдулаев Леча. Юха-юха йолуш...


***

Юх-юха йолуш,

ЦIаро шех дIавола, олу.

Юх-юха богIуш,

ТIамо шех дIавола, боху.

Юх-юха Iенош -

ЦIий, боху, зезагаш хета.

Юх-юха доху

Синош а - кхокхарчий хета.

Со дIа ца вулу,

Суна и ишта ца хета.

Со дIа ца вулу -

Сан даг чохь бисна къинхетам.

ОьгIазло тоьлла,

Сан даг чохь гIеллур бац безам.

Дахарал тоьлла,

Сан даг чохь лаьттар дац тезет.

Сан цIа ду догуш -

Ас илли олу.

Сан са ду догуш -

Со хелхаволу.

Сох дог а дуьллуш,

Пурба дац дIадаха, дахар!..

Ас вала дуьллу-кх,

Чалтачаш,

шул дукха ваха!

XS
SM
MD
LG