ТIекхочийла долу линкаш

***

Лаьттах даха зезагаш.

Стигла евли гIаргIулеш.

ПаргIат ю шен дезар дан

Можа гуьйре-къаршкъули.

ГIа когаш кIел дожарах,

Стоьмаш бахарх базара

Дог хилла дIадолаза.

Дог хилла гIа-бацана.

Лаьттахь дайча зезагаш,

Стиглахь яйча гIаргIулеш,

Со дIаваха веза цкъа,

Ца водахь а гIала бен.

Абдулаев Леча

Леча Шарипович Абдулаев (1953, Чиллан-беттан 15 - гIа де ) — нохчийн яздархо, поэт, публицист, гочдархо, Нохчийн Республикан а, Оьрсийчоьнан а яздархойн Кхеташонан декъашхо, Нохчийн Республикан а, ОЬрсийчоьнан журналистийн Бертан декъашхо, Нохчийн Республикан Халкъан поэт.

XS
SM
MD
LG