ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдулаев Леча. Чудирзина чудерза мел дезарг...


***

Чудирзина чудерза мел дезарг,

Чу ца ерза, яха гIаргIулеш.

Сан а хIума дац кхин арахьийза,

Маьлхан, беттан ражехь гIаролдеш.

Со дIавуьсу хIинца беа пенна,

Тхевнах тешош деган сийна гIаш.

Соьца дуьсу и сан маьлхан гIенаш,

Тхига, баце сан сатийсамаш.

Хаьа юхайогIур юйла бIаьсте,

ЮхайогIур юйла гIаргIулеш,

Амма дац сан цкъа а, царах къаьсташ,

Уьш кхин сайна гур ю ала дош.

Деган шо сайн гIаргIулеша долош,

ГIаргIулеша чекх а доккхуш и,

ХIоразза а, ваха юкъахволуш

Санна, доккху ас мел доккху Iа.

XS
SM
MD
LG