ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдулаев Леча. Зарратан тIум йоькъуш санна...


Абдулаев Леча

***

Зарратан тIум йоькъуш санна,

Аз декъа хьаьгна вай со-ма,

Зарратан тIум кагъеш санна,

Хьаьгна ву со кагдан аз.

Хууш ву цу оза юккъехь

Буйла сайн садуу мукъам,

Хууш ву цу оза юккъехь

Дуйла сайн садуу дош.

Зарратан тIум йоькъуш санна,

И дош ас доькъур ду цкъа-ма,

Зарратан тIум кагъеш санна,

Кагдийр ду и аз цкъа ас.

Цу оза юккъера мукъам,

Сайн дош а доккхур ду мукъа,

Зарратан са санна, мукъа,

Доккхур ду озера аз.

XS
SM
MD
LG