ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдулаев Леча. Со хаза гIенаш гуш Iашшехь...


***

Со хаза гIенаш гуш Iашшехь,

Сан бIаьргаш хийцина техьа?

Я говрахь бина, я - гIаш а

Некъ боцуш, валаза кех а,

Кху махка со муха кхаьчна?

Со хаза гIенаш гуш Iашшехь,

Я хIара урамаш, некъаш,

Хьан девза и адамаш а

Хийцина, сан дог, хIай, пекъар?

Со хаза гIенаш гуш Iашшехь...

Я хIинца гург ду те гIенах?

Я гIан ду техьа сел ирча?

Я мохк бу техьа сел хийра?..

Со сихло цкъа самавала -

Сама ца валало самах!

Со цIаван тохало,

амма

Некъ бац-кха

цIера

цIавалон.

XS
SM
MD
LG