ТIекхочийла долу линкаш

Каримов дIавоьллина 3 де даьлча вахана Путин тезета


Шинарийдинахь, Узбекистанан куьйгалхо Каримов Ислам дIавоьллина кхо де даьлча, Самарканде вахана, Шахи-Зинда кешнашкахь цуьнан борзатIе хIоьттина, зезагаш дехкина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира. Ушаковс Юрийс, Путинан гIоьнчас бахарехь, официалехь а доцуш, шеггара вахана Кремлан да Узбекистане кадамбан.

«Оьрсийчоь тешаме доттагI а лоруш, юьззина цунна тIетовжа таро ю Узбекистанан», элира Путина мехкан премьер-министре Мирзиёев Шавкате а, Каримовх йисинчуьнга а, церан жимчу йоьIе а. Узбекистанан лидер дIавуллучохь ца хилира путин, ша белхан ражо ца вуьту аьлла – Владивостокехь экономикан форумехь вара иза, ткъа цигара вахара Китайрчу G-20-нан саммите.

Самарканде яхначу Оьрсийчоьнан делегацин коьртехь премьер Медведев Дмитрий вара.

Официало дийцарехь, Каримов кху беттан 2-чу дийнахь велла. 27 шарахь Iийна Узбекистанан куьйгаллехь. Йозушйоцчу Пачхьалкхийн Юкъараллан (СНГ) а, Шанхайн организацин а декъашхо ю Узбекистан.

XS
SM
MD
LG