ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн эскарш - Украинехь


Бахначу беттан терахьашца, Украинан малхбалерчу кIошташкахь ву лаххара а 35 эзар сепаратистех тIемало а, Оьрсийчоьнан эскаршкара тIеман министран Шойгун куьйгакIелхьара 6 эзар салти, эпсар а. И терахьаш далийра оршоьтадийнахь Украинан Iедалехь мохк Европах а, НАТО-х дIатухучу кхачорах жоп лучу вице-премьеран пресс-гIоьнчалло, шайн эскарийн Инарла штабана тIе а тевжаш.

Оцу хьукмато бахарехь, ротаци а еш, кегий тобанашца, шайца герз а, техника а йолуш, хьийсабо Донбассе Оьрсийчоьно шен ницкъаш. Цо ша хьоттийначу инфографикехь гойту эскархой Нижний Новгородера, Ленинградан, Кемеровн кIошташкара, иштта Адыгеяра дIакхочуш хилар.

Хьалхо журналистийн-экспертийн тобано Bellingcat-о Iорадаьккхира Оьрсийчуьра эскархой эзарнашкахь Донбассерчу тIамехь хиллийла а, царна Кремло совгIаташ динийла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG