ТIекхочийла долу линкаш

Шинарийдийнахь Нохчийчоьнан Республикан Де олучу бараман митинге шаьш ницкъаша ийзийнера, бохуш леткъамаш бо Соьлж-ГIаларчу студенташа.

Деша баьхкина кегийрхой гIали юккъе митинге дIабигира, яздо «Кавказан Узел» газето. 25 шо хьалха Гезгмашин-беттан 6-гIа де Нохчийчоьнан маршонан Де аьлла къастийра Оьрсийчоьнах дIакъаьстинчу мехкан парламенто. Амма оцу дийнах и цIе хадош, Республикан Де аьлла хийцира 2002-чу шарахь мохк Оьрсийчоьне юхаберзош Кремлна гIодинчу Нохчийчоьнан администраторо Кадыров Ахьмада.

Европерчу массех махкахь бехачу нохчаша барамаш дIабаьхьна шаьш дехачохь Нохчийн Республика Ичкери кхоллаелла лору Маршонан Де даздеш.

XS
SM
MD
LG