ТIекхочийла долу линкаш

Дудуев Iабдулла тешна ву ша парламентехь пайда бохьург хиларх


Журналист, "Яблоко" партин цIарх Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думе кандидат Дудуев Iабдулла.

Журналист, "Яблоко" партин цIарх Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думе кандидат Дудуев Iабдулла.

Оьрсийчохь парламентийн а, мехкийн куьйгалхойн а харжамаш дIахьур бу кху беттан 18-чу дийнахь. Жигаряьккхина кху муьрехь партеша харжамхой шайна тIеберзо агитаци.

Массо а тIегIанерчу парламетийн харжамийн кампани ю йоьдуш Оьрсийчохь а, цуьнан массо а мехкашкахь а.

Юьхьанца дуьйна халкъ кхета а кхеташ, оцу харжамашкахь тоьлунъерш а, кIеззиг меттигаш йохунъерш а, яххане йохур йоцурш а ю партеш.

Iедалерчу "Цхьааллин Оьрсийчоьнца" къовсалуш бу боьдучу агитацин муьрехь оппозицехь лаьттачу партийн векалш а.

"Яблоко" партино Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думе вахийта лерина хьалхатеттина ву журналист, "Дош" журналан коьртачу редакторан гIовс Дудуев Iабдулла.

Коллегица къамел хилира Маршо Радион. Иштта ду и.

Маршо Радио: Хьо журналист ву. Политикех дуьйцуш схьавеана хьо хIинцалц, ткъа хIинца Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думе «Яблоко» партин цIарах харжамашка валар стенна ду? Стенна оьшу хьуна пачхьалкхан Думехь хилар?

Дудуев: "Яблоко" партица сан гергарло долу ткъех шо хан ю, цундела ларамза дац оцу партин цIарх со харжамашка валар. Дуьххьара ДОШ журнал арадоккхуш, шуьйрачу хаамашкахь ас и аьлла дац хIинццалц, тхуна гIо-накъосталла динарг Явлинский Григорий ву.

Нохчийчохь долчу хьолаца а, тIемца йолу позицица а, тхуна а, массо а нохчашна а массо а агIор юххера хилла ву Явлинский. Массо а демократаш, либералаш шолгIа тIом болалучу хенахь Путинна тIаьхьахIиттина, цо лелорийг нийса ду, тIом бан беза, чекхбаккха беза, нохчийн проблема ерзон еза бохучу хенахь а, Явлинский ша а, цуьнан парти а антитIеман позици латтийна ву. ХIара кампани йолалучу хенахь юкъа вогIур варий аьлла сайга хаьттича, цхьа а шеко йоцуш резахилира со».

Маршо Радио: Оьрсийчохь харжамхойн электорат Путин декъахь волчу «Цхьааллин Оьрсийчоь» партигахьа хуьлуш юкх даим. Оцу партино ша халкъана бийр бу бохучу аьттонел башха хIун аьттонаш бийр бу олий агитаци дIахьо аш кху муьрехь, харжамхошца къамел деш?

Дудуев: «Уггар коьрта дерг, «Яблоко» партис тахана харжамхошка дIакховдош дерг, хIинца долчу Iедало хIокху 15 шерачохь дIагайтина шаьш дийриг, дендерг, шаьш дан ларориг а. Муьлхха а Iедал хийцалуш хила дезаш ду.

И уггар коьрта бахьана ду, муьлхха а Iедал цIена хилар, коррупци йоцуш, нах хьийза а ца беш, массо а церан бакъонаш ларъеш, ма дарра аьлча. хIокху дуьненахь, муьлххачу а цивилан пачхьалкхехь тарлуш йолу нийсо лелор.

ШолгIа делахь, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Iедалан коьртехь волчу политико ялийна хIара пачхьалкх а, цунна юкъайогIурегионаш а хIокху хьоле. Коьртачу декъанна оха дуьйцург и ду кх».

Маршо Радио: Дика ду, туьйли хьо. Хьо кхеташ ву Думе кхочучу «Яблоко» партин декъашхойн тоба даим санна жима хуьлий а, цуьнан карахь кхи хIара аьлла мукъ ца хуьлийла а. Оцу хьелашкахь хьайгара хьайн лаамаш чекхбаха хала хир дац хьуна?

Дудуев: «Хала хир ду дера. Тахана долуш долу хьал –нийса йоцу стартан позицеш, аьр-кх вай, тахана йоллу бакъонаш Iедалан партин карахь елахь а, Явлинскийс тахана кхайкхошдерг «Яблоко» партис къобалдина тIелаьцнарг - нагахь санна, хIокху харжамашкахь масех стаг ваьлла а оцу Думин демократин фракцех чекх ца валахь, кхин дIа президентан харжамашна а, кхин дIа долчунна а политикехь хьал кхин а чолхечу хьоле доьрзур ду.

Нах, мел а хьала а гIевттина, и харжамаш кхи цхьа а революци еш хIума а дац, Iедална дуьхьал бовла безаш а бац, цара шаьш беш болу харжам а бина, цхьа фракци оцу пачхьалкхан Думе кхачахь, церан аз хазо йиш хир ю.

Нагахь санна ца кхочий оцу Думе тхан парти, царна дуьхьало еш кхи цхьа а хир вац, тIаккха цара шайн луъу политикан массо а оппоненташ хьаькхна дIабохур бу. Гергарачу хенахь Оьрсийчоьнан цхьана а махкахь дикачу агIор цхьа а тайпа хьал хийцалур ду ала меттиг бац».

ХIара харжамаш цIена а, нийсонца хир бу бохуш дуккхаза а дIахьедарш дина Iедалерчу цхьацца хьалханчаша.

Царех тешаш харжамашка бевлла а бу дуккха а кандидаташ.

Церан могIаршкара лара догIу цкъа а цхьана Iедалан хьукматашка харжамашкахула кхача гIиртина а воцу Дудуев Iабдулла а.

XS
SM
MD
LG