ТIекхочийла долу линкаш

Шемара тIом а сацийна, дийцарш долон дагахь ю оппозици


Асад Башаран Iедалца машар буьйцучу Шемарчу оппозицин тобано шен бертан кеп гIараяьккхина Лондонехь кххарийдийнахь. Махкахь тIом а сацийна, 6 баттахь Iедалца дийцарш дIадахьар хьоьху цо. Оцу хена юккъехь Асада охьадилла деза шегара дарж юкъахь къастийначу халкъан цхьааллин Iедале.

Оцу наха 18 баттахь Шемех урхалла дийр ду, пачхьалкхехь керла харжамаш хилла бовллалц. Иштта бу оппозици реза йолу некъ. Пхи шо ду Асад Башар дарж дита реза ца хиларца болалебелла тIом лаьтта, велла оцу юкъанна Шемахь 250 эзар стаг. Шемица хьошалла лелочу пачхьалкхийн дипломатин лидерша оппозицино хьоьху некъ бийцаре бийр бу деношкахь.

Хьалхо лаьттинчу дийцарийн муьро жамI ца деара.

XS
SM
MD
LG