ТIекхочийла долу линкаш

Мирзиёев Шавкат - Узбекистанан куьйгаллехь


Узбекистанан парламенто ханна президентан дарж делла премьер-министран Мирзиёев Шавкатан кара, хаамбо «Интерфаксо». Президент Каримов Ислам кхалхар официалехь дIакхайкхийна Узбекистано кху беттан 2-чу дийнахь. Мирзиёев цунах дисинчу гIента хаош къастамбина парламентан шина палатано шен еарийдийнан кхеташонехь.

Оцу пачхьалкхан конституцица а догIуш, президент кхелхича, я болхбан де доцуш висича, цуьнан метта, харжамаш берззалц, кхаа баттана хааво парламентан лакхарчу палатин куьйгалхо. Ткъа оцу палатин коьртехь ву Юлдашев Нигматуллла, дарж цунна ца тешийнехь а.

78 шо долуш, инсультах велла 27 шарахь президент Iийна Каримов Ислам.

XS
SM
MD
LG