ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчоьно зулам деана Шема"


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министро Картер Эштона дIахьедина, Шема даханчу Оьрсийчоьнан эскарша шагдина цигарчу тIеман хьал, новкъарлойо политикан тIегIанахь иза дижо, аьлла.

Исламисташца тIом бечу меттана, Кремло Шемин президентна Асадна гIодан хIовсийна шен эскарш, оцу марсабаьккхина чуьра тIом, боху Картера ша BBC-на еллачу интервьюхь.

Асадера Iедал шемахоша машарца кхечу нехан каралучу новкъанна гIодаре кхойкху Оьрсийчоь Штатийн тIеман буьйранчас. Ткъа цунна оьшу, боху картера, оьрсийн кеманаш бомбанаш, ракеташ еттачуьра совцор. Iалашонех дуьйцуш, элира Картера, шен пачхьалкхан ницкъашца цхьаьна Малхбалера ерриг а тIеман коалици дагахь ю карарчу беттанашкахь Иракъера Мосул а, Шемара Раккъа а маьршаяккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG