ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанерчу официало хаамбарехь, тIалибаш герга бу къилбера Урузган гIала яккха. Провинцин урхаллин пресс-гIоьнчас Найаб Мохьаммада бахарехь, гонахара Iедалан ницкъийн хаш дохийна, полицин карахь яц гIалара шен хIусам бен.

Дукхахболу эскаран ницкъаш дIагулбина провинцехь Урузганан аэропорте – цигахь ю провинцин ницкъийн куп. Урузганехь Iедална ницкъ ца тоар дузу тергамчаша луларчу Гелменд провинцина, къилбаседанерчу Кундуз гIалина а тIехь а тIалибаша яккхарна кхерам латтар. ТIемаш бу хьош Iедало карарчу муьрехь малхбалерчу Нангархар провинцехь.

XS
SM
MD
LG