ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Филипинан лидерца юкъаметтиг къастош ву Обама


Деношкахь Китайрчу саммитехь шех «зуьдан воI» аьллачу Филипинан лидерца Дутерте Родригоца Лаосехь кхаарин сарахь цхьанакхетта Iамеркан Штатийн президент Обама Барак. Дина къамел девзаш дац, Ассошиэйтед Прессо бахарехь. Китайрчу саммитехь Обамас ша къамелдеш аьллера, Филипинехь низамехь а доцуш нах хIаллакбар дийцаре дилла дагахь ву ша, цунна аьхаза жоп делира Дутертес.

Бакъду, цул тIаьхьа шозза шена къинтIеравалар а дийхира цо Штатийн президенте. Делахь а, Iамеркан Штатийн пачхьалкхан депратаменто дечу дIахьедарша гойту, Филипинашца буьззина машар цкъачунна каронза буйла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG