ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нотр-Дам де Пари а, антитеррор а...


Парижан гIардаьллачу Notre-Dame de Paris ширачу килсана гена йоццуш, тIехь терахьийн билгалонаш йоцу машен тосаелла шена чохь масех газзан баллон а йолуш. КIиран-буьйсаналера и хилам Францин хаамийн гIирсаша гIарбаьккхина селхана, Гезгамашин-беттан 7-чохь. Цу хенналца Iедало, талламан Iалашонца, гIара ца даьккхина цунах дерг. ТIехь шеко сецна ши стаг дIалаьцна полисхоша. Царца карарчу хенахь дIахьош талламан болх бу.

Франц-пресс агенталлин а, полисхойн антитерроран а, талламан а декъан хаамашца и шеконе машен дуьххьара тосаелла хилла буьйсана болх бечу баран белхалочунна. Цо полисхошка хаам бина, аварийкаш а латийна машен ю лаьтташ, тIехьа гIента тIехь газзан баллон а йолуш, аьлла. Схьакхаьчначу полисхошна машенан тIехьара тIорказ чохь кхин а масех баллон гина.

Аварийкаш а латийна и машен дIахIотторехь - иза кхерам тасий бен хIоттийна ца хилар го полисхошна. И иштта ца хилча, аварийкаш а латийна хIоттор яцара, тIехь терахьийн билгалонаш а йоцуш, даре до цара, иштта машена чохь эккха хIума ца хилар билгал а доккхуш.

Хууш ма-хиллара, хIокху тIаьхьарчу беттанашкахь, Францехь, цхьанна хIуманна бехке боцу маьрша нах а бойъуш, масех зулам дина адам гул дел-деллачохь. Цу бахьанца Iедалша кхайкхадина долу лерина хьал кхин а 6 баттана дахдина. Туьканашка а, кхинйолчу тайп-тайпанчу хьукматашка а, чоьхьабовлучу нахехь кхераме хIума юй хьовсуш, дIахIиттабина бу хьалха хуьлуш хиллачул а дукха кхерамзаллин белхалой.

Муха тIеоьцу наха хIора дийнахь и белхалой шайн тIоьрмигаш чу хьовсуш хилар? КIордийний нахана шайна тIехь иштта лерина терго яр? И хаттарш а луш, юха а зIене девлира вай дукха хенахь дуьйна Францехь секуьритехь балхахь волчу вайн махкахочуьнца Юсупца. Цо иштта дийцира:

Юсуп: "Ниццехь зулам хиллачу тIаьхьа, лерина хьал эха-шарана дахдина Iедало. Массо хьукматашкахь чубогIучаргахь кхераме хIума юй хьовсу тхо. СадаIаран хьукматашка эчиган банка а, аьнгалин хIума а чуяийта йиш яц. Дукхахболу нах кхета а кхета цу хьолах. Тхоьга баркаллаш бохуш хуьлу уьш иштта само еш хиларна, чIогIа реза хуьлу тхуна. Амма резабоцурш а нисло. ТIаккха оха царга дIолу, тхо шун доьхьа лаьтташ ду, шу лардеш. Цхьаъ хилахь, тхо - хиндерг тхайна тIелаьцна лаьтташ ду."

Маьршачу махкахь паргIата Iен Iеминчу францхойх цхьаболчарна мелла а тамашийна а хета дIакхаьч-кхаьчначохь тIоьрмигаш чохь дерг гайтар а, шайна тIехь иштта лерина терго яр. Цундела, дIабахна бутт чекхболуш, Орийяк (Aurillac) гIалахь хиллачу театран фестивалехь, шайна полисхоша еш йолу терго тIехсов а хетта, цига баьхкинчарах I00 сов стага латарца дуьхьало йинера Iедалан белхалошна, нехийн шелигаш а, машенийн чкъургаш а ягош.

Театран тутмIаьждигашца болчу меттигерчу наха маьхьарий диттинера, шайна Францех '"полисхойн пачхьалкх" хилийта ца лаьа, бохуш.

Иштта резабацарш нислахь а, францхой, дукхахьолахь, кхеташ бу и сакхо-само шайн дуьхьа еш юйла, Нохчийчуьра тIом а гина, маьршачу Европе баьхкина вай махкахой хIете а...

Цкъа а оцу хехь лаьттачу белхалочунна цо тIоьрмиг гайта аьлча резавоцуш ца хилла ша, бохуш дуьйцу Францехь веха иттех сов шо долу вайн махкахочо Исаев Iелас:

Исаев: "Кху Францехь и зуламаш хила дуьйладелчхьана адамаш вовшехкхетачу метте ца доьлху тхо тхайн доьзалца. Туьканашка доьлхучу хенахь, ха дийриш тхайн тIоьрмигаш чу хьовсучу хенахь цкъа а резавоцуш ца хилла со а, сан хIусамнана а, хIунда аьлча, неха дуьхьа деш ду иза..."

XS
SM
MD
LG