ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремл кхетамчу яллалц - санкцеш


Оьрсийчоьнна дуьхьал дуьххьара санкцеш Малхбузено ши шо герга хьалха яьхнера, Кремло ГIирма ах-гIайренна аннекси ярна дуьхьал цу пачхьалкхана гIудадаран гIулч йоккхуш. Цхьаьнакхеттачу Штаташа шаьшший, Евроберто шай юккъеяьхна йолу санкцеш хьакхалуш яра юхьенца дуьйна Оьрсийчоьнан экономика уггаре а мехалох йолчу машаре а, тIеман а техникан а чалхаш ечу концернех а, лакхарчу технологешна тIехь Оьрсийчоьнца мах лелорах а, тIеман гIирсаш Оьрсийчуьра эцарх а, цунна уьш бохкар а, ткъа иштта юьртбахаман а, лаьттабухара сурсаташ дахаран а декъех.

Ткъа иштта Оьрсийчоьнан политикерчу конкретечу лакхарчу хьукматхойх а, цхьа могIа олигархех а, совдегарех а хьакхалуш яра и санкцеш, уьш бахьана долуш Малхбузе баха-бахка а, цигахь шаьш IаIийначу шайн бахамашна тIекхача а, царна доладан а царна бакъонаш а йоьхкуш. Верриге, масала, Евробертан санкцеша лаьцнарг I46 стаг ву, 37 концерн я цхьаьнакхетаралла а ю.

2014-чу шарахь шаьш юккъеяьхча дуьйна схьа и санкцеш хIора а эха шарахь рогIерчу ялх баттана яхъеш ю. И ялх бутт чекхбала герга массоза боьду хIоразза а дийцаре доккху Оьрсийчоьнан а, Малхбузенан а политикан учешкахь уьш малйан там бу, я яххане а юхаяха там бу, я мелхо а, чIагIйан мега уьш, Оьрсийчоьно шен Украинера политика хийцина а ца хилча, Украинин Малхбалерчу сепаратисташна белшаш гIортор лахдина а ца хилча бохучух долу дийцарш.

Амма сацам тIеэцарна жоьпаллехь болчу Малхбузерчу лидерша уьш автоматикан режимехь санна кхин дIа а яхйо. Изза хилла кху деношкахь, Вашингтоно а, Брюссело а шайн-шайн сакнцеш кхин дIа а яхйарца.

Кремлан куьйгалло а, Оьрсийчоьнан лакхарчу даржашкашкарчу Iедалхоша а дацаре до, цу санкцеша шайн пачхьалкхан экономикана хаадаллала зенаш до бохург. Делахь а, могIарерчу бахархошна цу Малхбузенан гIудатохаран кампанино вуно даккхий зенаш дина бохуш дийцира Маршо радионе политолого Чапханов Руслана. Цунна хетарехь, Оьрсийчуьра хьал, и санкцеш иштта дIа кхин а яхлахь, социалан гIаттаме дерза а сахьт дац цхьана -шина шарчохь.

Чапханов: „Путин, Оьрсийчоь а моттийта ма-гIертара, атта хIума дац иза. ХIунда аьлча, кхечу пачхьалкхийн инвестицеш сецна, цу чуьра ахча арадаьккхина, Европера оьцуш хилла долу сурсаташ хIинца эца таро яц, ткъа и сурсаташ кхечу меттигашкарчу сурсаташца хийалур доцуш, Европера бен эца йиш йолу дерш ду. Ткъа уггаре а халох могIарерчу нахах хьакхалуш ю и санкцеш. Цхьана-шина шарчохь резабацар нехан алсам а даьлла, социалан къепе дацарш дуьйладала мегаш ду цигахь“.

Цу юкъана Цхьаьнатоьхначу Штаташа шаьш Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш яхъечу хенахь уьш кхин а шорйина, Украинин Малхбузерчу тIамах сайоккхуш а, ГIирмана аннекси ярна декъа хилла а шаьш лору фирманаш цу юккъе а яхийтина. Кхин II керлачу компаних хьакхаделла Iамеркан гIуданаш.

Цу пачхьалкхан махлелоран министраллин сайта тIехь бинчу официалечу хаамца, "Ангстрем-М", "Ангстрем", "Ангстрем-Т", ОАО "ВО Радиоэкспорт", иштта дIа а кхин а фирманаш ю уьш, ала дашна, Оьрсийчоьнан тIеман а, мохк ларбаран а министраллин вуно мехала а йолуш.

Цул совнаха, Кремлана гергара Газпром-Медиа хаамийн гIирсийн холдинг а, Керчера тIай деш йолу фирма а ю санкциша лаьцначийн могIаршлахь. И могIарш шордар реакци йоцуш ца дитира Оьрсийчоьнан куьйгалло. Путин Владимиран пресс-секретар волчу Песков элира цу хьокъехь, санкцеш яхйар а, керланиш юккъеяхар а шех бала пайда боцу а, перспектива йоцу а некъ бу, аьлла.

XS
SM
MD
LG