ТIекхочийла долу линкаш

Хиллачу тIамо Iамадо муьлхха а къам хенан йохалла хийцадала, бохамех кхидIа лардала, дуьненахь шен меттиг дIалаца, ларбан. Иза Iема бирзинчу тIамах Iилманчаш, политикаш, яздархой дуьйцуш, жамIдой, даржош белахь.

Ткъа иза деш дацахь? Стенна ца мега Нохчийчоьнна, шен истори Кремлан лаамшца, гарца а ца юзуш, тептаршкахь, дагалецамашкахь тIегулъян? Я эша а оьший-те иза дан?

Иштта дара кху кIиранна Маршо Радионо дийцаредина хаттар. Иза дагатесира Швейцарерчу Гашаева Зайнапа. Пачхьалкхо накъосталла а деш, цигахь архив кхуллуш ю Зайнап – дIагулйо ша а, шен накъосташа а, бевза-безачара а тIемаш боьлхучу шерашкахь яьхна видеош, документаш.

Амма иза дац нохчашна архив кхечу мехкаша, къаьмнаша йилла еза бохург. Вай ваьш гIайгIа ца бича, хир дац дуьззина а, бакъдолуш а леллачух-хиллачух тоьшаллаш. И аьлла хета Радион хаттарна жоьпаш лучарна.

Хаттар кхоже а диллира Маршо Радионо, даима а санна. Амма атта ду жамI довзийта. ХIитточу хеттаршна дохкуьйтучу жоьпашца цкъа а ца хилла барт хилла тахана.

Нохчашна хьашт дац тIамех тоьшаллаш кхобу архив кхолла, я шех хаттар хьакхалуш дац ца олуш, массо а ладогIархоша, сайт йоьшучара делла цхьа жоп – 100 процент – нохчашна тIемех дерг архивашка гулдар вуно чIогIа оьшу, аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG