ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кореяно дIахьедина, ша толамца чекхдаьккхина зеррат бомбан пхоьлгIа зераш, аьлла. Пачхьалкхан хаамийн гIирсаша бахарехь, пIераскана зийнарг ю дукха хан йоццуш кечйина бомба, таро ю иза баллистикан ракетаца оьшуче дIакхачо.

ДIахьедаро юьйцу хан йогIу цигарчу Пуинг-Гуе полигонехь ондда латта дегийначу хенаца. ХIинццалц схьа хилла доцчу кепара сейсмологин барамашкахь латта меттахделира, хаамбо Къилба Кореяно а. Сеуло а, Токионо а емалдо бомба зер, иза кхераме, «ирча провокаци» а лоруш. «Вон тIаьхьало» хир йолуш гIулч ю яьккхинарг, боху Вашингтоно.

Ткъа Пхеньянехьа йолчу Китайно, зарратан герз цадаржо йина чIагIо ларъян догIу Къилба Кореяно аьлла даржийна. Оьрсийчоьно ша саготта ю, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин резолюци массара а ю ларъян езаш ю, аьлла.

Дуьнено бехк а буьллуш, ша хьалха дуьйна а Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин санкцешна бухахь кхобу некъ бу Пхеньяно зарратан герз зерца дIахьош.

XS
SM
MD
LG