ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керри - Лавров: Шемера тIом сацоран барт


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан серетара Керри Джона Женевера хаамбина Вашингтоной, Мосваной Шемахь машарехь юкъара некъ къастийна, аьлла. Ткъа Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс элира журналисташка, «вуно боккха болх бина баьккхина». Дерриг де дайина пIераскан цушимма, бартбина юха а рогIерчу кIиранах цхьанакхета.

ПIераскан буса Пачхьалкхан департаментан векало хаийтира дипломаташа машарх долу юкъарло шордийр дуйла. Барт иштта бу: шинарийдийнахь агIонаша сацо беза тIемаш. Асадан тIеман кеманашна доьхку оппозицин карахь йолчу меттигашкахь стигалдийла. Вашингтоной, Москваной кхуллур ю «Исламан пачхьалкх» олучу тобанашна кеманашца тохардар латтаден координацин центр. Ткъа и тохарш дан бакъо юьту деккъа Оьрсийчоьанний, Iамерканний кеманашна.

5 шо ду Шемахь тIом лаьтта, цо дIадаьхьина бIеннаш эзарнийн синош. Москва, Вашингтон дуккхаза а цхьанаеттаелла Асад Башаран а, оппозицин а хила тарло машар бийца, амма ца карош бисира барт. Оьрсийчоьно тIекарло йо Шемарчу Асадан режимна, ткъа Штаташа – оппозицина. Ур-атталла Шемарчу бахрхошна гуманитаран гIо дIакхачорхьама тIемаш совцо а аьтто ца баьлла агIонийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG