ТIекхочийла долу линкаш

Шел жимачо шега салам делча, цо шега цаларам гайтина аьлла хетачу цхьаволчо шега де дика де олу, вукхо шега салам луо олу...

Тахана дукха кегийрхой шаьш салам хьаьнга дала деза, де дика хьаьнга дан деза, ца хууш бисна баккхийчеран бехканна. Баккхийчеран бехк хIунда бу? Тахана вайн юкъараллехь лелон дезарг цхьаъ дина баккхийчара тIеоьцуш ца хиларна бу.

Шел жимачо шега салам делча, цо шега цаларам гайтина аьлла хета цхьаволчунна. Цо тIаккха резавацарца шега де дика дие, олу. Вукхо, мелхо а, шега салам луо, олу. Ткъа цу шина тайпанчу хьежамна юккъехь бисина вайн кегийрхой, шаьш хьаьнца хIун лелон деза а ца хууш буьсу.

Жима стаг:

"Суна-м ца хаьа... Цхьаммо шега де дика дие олу, вукхо шега салам луо олу. ХIун дан деза а ца хууш вуьсу-кх со."

Вистхилларг вара вай дийцинарг шена тIехIоьттинчу кегийрхойх цхьаъ.

Вайн дайша лелийнарг лелийчхьана довлу вай, олуш а хеза сих-сиха. Ткъа дайша лелийнарг дика хууш олий те и олучо? Дукха сов хаий вайна хьалха дуьйна Iедалша вайна хаа магийначул?

Цу тIаьхьарчу хаттарна жоп а ца лоьхуш, къоман хазна а хилла, ширачу заманера схьаеъначу нохчийн халкъан бартан кхоллараллехь, ма-дарра аьлча, вайн ширачу иллешкахь масалш карон хьовсу вай, дай бийца дуьйладеллачуьра.

БIешераш хьалха халкъо кхоьллина долчу оцу вайн иллешкахь го вайна нохчийн Iер-дахар, Iадаташ, юкъаметтигаш. Иштта "Зайтин Шихмирзин илли" юккъехь дас а кIанта а вовшешка салам ло:

" Ма даха ахь шега тIехь доцу ва бехкаш,

Тамаша бац ва хьуна, хIай Зайтин Шихмирза,

Хьо тIамехь ва хилар доьхначу кху дийнахь.

Цу нохчийн ва кIентийн, паччахьан эскарах ва леташ,

Леш Iедал ду хьуна, ва Зайтин Шихмирза, -

Олуш, тIехваьлла вахана,

ТIехIоьттира бах и цу

къеначу Жумина:

- Ассаламу Iалайкум, сан къена да Жума,

ХIун хьал ду-техьа къеначу хьан дегIехь?

- Iалайкум ва салам, сан жима Акхтула!

Вон хьал ду хьуна сан къеначу кху дегIехь..."

Иштта шен доттагIчунна шел хьалха орцахаваьллачу шен дега Жумига вистхуьлуш вара Акхтулла. Ткъа цул хьалха го вайна шен кIентан доттагIчунна орцахваьллачу къеначу Жумас шен кIентан нийсархочуьнга салам луш а, вукхо дуьхьала луш а:

" Новкъа ма велира и къена ва Жума.

Борз санна йолу и къена алаша ша хала сецаеш,

Ша вахана кхечира бах цу халчу тIаме,

И къена Жума.

- Ассаламу Iалайкум, хIай Зайтин Шихмирза!

ТIамна ка йойла хьан кхоьллинчу ва Дала,

Вохах ца воьхний хьо, кхерах ца веллий хьо?

Хьо воха ма вохалахь, хьо кхера ма лолахь!

ТIекхечи ва хьуна тIам Iаьржа ва леча!

- Iалайкум ва салам, хIай къена ва Жума!

Воха-м ца воьхна ша, кхера-м ца велла ша,

Леча хьо делахь, лечанан кIорни

Ша а ю хьуна,

ХIай къена ва Жума, Акхтулин ва дада! "

Иштта ду бIешераш хьалха кхоьллинчу нохчийн ширачу иллешкахь.

Ткъа тахана вайн юкъараллехь хIоьттинчу хьолан хьокъехь дин дика девзаш волчу, дин девзина а ца Iаш, нохчийн литература а истори а дика евзаш волчу Европехь вехачу вайн махкахочуьнга Амаев Мохьмаде а хаьттира вай. Цо иштта дийцира:

Амаев: "...Оьрсийн Iедалан керахь вай даха дуьйладелчхьана, даима а динан цIарах болчу нахаца тIом латтийна бу. Нийса кхетам баржош болу нах цара хIаллак а беш, схьадаьхкина ду вай. Цхьа юкъ еъна вайна динца дерг дийца йиш йоцуш. Оцу юккъехь хьалакхиъна болчу нахана де дика а, Iуьйре дика а, суьйре дика а яр гIиллакхе хирна, иза деза хилар гуш. Иштта цхьа чкъор хьалакхиъна вайн. И цхьаъ ду. ШолгIа: Элчанан суннат, Делера салам хуьлда, асхьабаша лелош хилла, аьлла болу кхетам.

Иза кегийчара схьалоцу, иза шайна ма-хаззара баккхийчарна юккъехь кхочушдан хIуьтту. И муха юккъедаккха деза а, и муха лелон деза а кегийчаргахь кхетам ца хилар а ду. Оцу шина бахьано вовшех цакхетам кхоллаболуьйту... Салам далар, ца далар оццул новкъа ду аьлла а ца хета суна баккхийчарна а, кегийчарна а, цу гондIа лелон деза гIиллакх ца лелоро латтадо аьлла хета суна и хьал."

Иштта, динах дерг дика хууш волчу, Европехь наха сих-сиха дикане-воне кхойкхучу вайн махкахочуьнца Эвтархойн Ахьмадца а зIене девлира вай:

"Вайн пайхамаран хьадис ду (с.I.в.с) ши бусулба стаг вовшехкхетча, и шиъ вовшех салам делла куьг лаьцна мел ву, цушинна тIера къинош охьаэга, аьлла. Кхин цхьа хьадис а ду пайхамаран (с. I.в.с), аш шайна юккъехь салам далар даржаделаш, шуна юккъехь безам а, марзо а хир ю шуна, аьлла. Оцу шина хьадисан бух ца тоьу вайна цу тIехь дIанисдала?"

ХIокху къамелах жамI хIораннан а шен-шен хир ду, хIора а шен момсар тIера а хьоьжур ву тахана кхолладеллачу саламца доьзначу хьоле... Ткъа бакъдерг хIораннан а шен-шен ду олуш делахь а, нийса некъ цхьаъ бу. Дала цу нийса некъа тIехь нисдойла вай.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG