ТIекхочийла долу линкаш

15 шо кхаьчна Iамерканна терроран тохарш дина


15 шо кхаьчна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь терроран тохар а дина 3000 стаг вийна. Нью-Йоркерчу Дуьненаюкъарчу йохк-эцаран центран шина гIишлонна цхьацца кема тIетуьйира Ал-Кхаидан террорхоша. КхоалгIа кема Вашингтонерчу Пентагонан гIишлонна тIекхийтира.

Ткъа доьалгIаниг, чуьра пассажираш террорхошна дуьхьал а тийсалуш, дуьйхира Пенсилванехь. Терроран тохаран тIахьало хилла дIахIоьттира кхузаман исторехь Iамерка ОвхIанистанна 2001-чу шарахь тIелатар.

Хилам дагалоцуш кIираннан Iуьйранна тийналлин минот кхайкхийра КIайчу ЦIийнера президента Обама Барака.

XS
SM
MD
LG