ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кеманаша нах байина Шемахь юха а


Шемарчу Идлиб гIаларчу базарна тоьхначу ракеташа, бомбанаша 60 герга вахархо вийна шоьтадийнахь, хаамбина шемахойн бакъоларъярхойн Лондонерчу обсерваторино.

ТIемаш боьлхучу Алеппо гIалина гергахь а вийна кеманийн тохарчу 30-тех стаг. ХIаваэхула тIелатарш динарш хьенан кеманаш ду, Асадан я Оьрсийчоьнан, цкъачунна билгалдалаза ду бакъоларъярхошна.

Хаам баьржина Вашингтоно, Москвано дипломатийн урхаллашкахула бартбина тIемаш совцо бохучу юкъанна. Шинарийдийнахь дуьйна сацабо тIом аьлла бу хилла барт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG