ТIекхочийла долу линкаш

Шарли Эбдо журналана бен а бац кхардамаш бан я пайхамараш а, я делла Iуьллу бер а, я нах хIаллак а хуьлуш чудоьжна кема а. ХIинца, Шарли Эбдо журнало, Марсхьокху баттахь Италехь мохк бегийча, бIеннашкахь беллачу нахана кхардаме карикатура йилларна Италин Iедалша кхелахошка арз чуделла цунна дуьхьала.

Марсхьокху беттан 24-чохь Италехь, хууш ма-хиллара, мохк бегийначу хенахь 300 гергга стаг вала а велла, 400 лаза а вина. И хилла масех де даьлча, бохам баьллачу неха бIаьрхиш дакъадалале, шайн карикатурашца муьлхха неха бохамах а, муьлхха динах а, массо хIуманах кхаьрдаш долчу Шарли Эбдо цIе йолчу Францера журнало кхардаме карикатура йиллира мохк бегийча беллачу а, лазийначу а нахах.

Италехь къоман даар ларалучу "Лазанья" юккъехь беллачеран декъий а долуш инзаре сурт ду хIинца диллинарг а, лазийнарш, цIийн меттана, томат хьекхна а болуш. Ткъа шолгIачу карикатура тIехь ду мохк бегийча йоьхна гIишлош Италера мафино йина хилла, аьлла.

Муьлххачу къомах, я динах болчу неха сийх кхардар шайн болх хетачеран лелар вайн махкахошна а ца тов, хуьлда уьш Нохчийчохь бехаш, я, шен хетарг довзийтина волу Iабдулла санна, генарчу Америкехь бехаш:

Акбулатов Iабдулла: "Соьга хаьттича, адамна тIебеъначу баланах кхарда а кхаьрдаш, забарш а еш лелар инзаре маьттаза вон хIума а, ирча хIума а ду. Адам муьлххачу къомах, муьлхха тайпана делахь а, цуьнан баланах кхарда оьшуш дац. "Дешан маршо" бохучу хIуманна тIехьа бехказлонаш а карош лелош хIума а ду-кх цара и."

Шарли Эбдон кхардамаш "Дешан маршо" бохучу бахьанца кIелхьарабохуш хилар билгалдоккху Iабдуллас.

Амма шен цIе вочу агIор йоккхуш елахь а, и йоккхуш хилчхьана бен ца хеташ долу и журнал шайн беллачарх кхардарх кIелхьарадалийта дагахь дац Италин Iедалш, цу журнало мел дешан маршо йийцахь а.

Италера АNSA цIе йолчу агенталлин хаамашца Аматриче-гIалин куьйгалло кхеле арз чуделла цу журналана дуьхьала. Арз чуделлачу адвокаташа и беллачарах кхардар - инзаре а, эхь-бехк доцуш а хIума ду, аьлла. Аматриче, цигахь мохк бегийча, уггаре чIогIа йохийна гIала ю.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG