ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венгри Евробертана юкъараяккхаре кхайкхина Люксембурган министро


Венгри - Хорватица долчу дозанехь мигранташна дуьхьал керт еш бу Венгрин эскархой, Гезг. 20, 2015
Венгри - Хорватица долчу дозанехь мигранташна дуьхьал керт еш бу Венгрин эскархой, Гезг. 20, 2015

Европан мехаллаш талхорна Венгри Евробертана юкъараяккха еза аьлла дIахьедар дина Люксембурган арахьарчу гIуллакхийн министро Ассельборн Жана. Нагахь пачхьалкхо мухIажирашна дуьхьал керт еш хилча, я зорбанан гIирсийн маршо йохош хилча, иза я цхьана ханна, я даиман а дIаяккха еза Евробертана юкъара аьлла дIахьедар дина Ассельборна Die Welt газетана ша еллачу интервьюхь.

Министро, иштта, вуно луьра критика йина Венгрин министрийн кабинетан куьйгалхочунна Орбан Викторна. Венгрин Iедалшна дукха хIума ца дисина мухIажирашна тIе тоьпаш тоха аьлла омар дала, билгалдаьккхина Люксембурган арахьарчу гIуллакхийн министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG