ТIекхочийла долу линкаш

Малхбале реза яц Соьлж-ГIалахь фетва динчу конференцина


Нохчийчоь --Соьлж-ГIаларчу дуьненаюкъарчу исламан конференцехь,2016

Нохчийчоь --Соьлж-ГIаларчу дуьненаюкъарчу исламан конференцехь,2016

120 сов бусалба а, керстан а, иудаизман а динийн векалш кхайкхина кхаа денна лерина шуьйра конференци дIаяьхьира Нохчийчохь ши кIира хьалха.

Конференце баьхкинчаралахь вара, масала, дуьненахь уггаре евзачу Мисрерчу Ал-АзХIар олучу исламан институтан ректор Эл-ТIайеб Ахьмад а.

Делахь а, ца тайна дуккхаъчу бусалбанашна гуламо тIеэцна фетва.

Цо бакъдо цхьайолчу пачхьалкхашна бен товш а доцу деа масхабах цхьаъ, емалбо ерриг а санна СаIуда Iаьрбийчоь тIера йолу суннаташ-салафийа, иштта Хиз ут-Тахрир, ХIабашитийн болам.

ТIеэцначу фетванна тIетайна цхьаболу Iеламнах, амма Дуьненаюкъарчу исламан Iилманчийн ассоциацино критике ерзийна конференци, иза “бусалбанашна юкъа цимтаса” кхайкхина хилла аьлла.

СаIуда Iаьрбийчуьрчу шайхан тIаьхьено шегара дац аьлла юхаэцнехь а, юьхьанца цо даржийра Кадыров Рамзан динах воьхна а ву, цунна таIзар а догIу аьлла шен Твиттерехь дIахьедар.

Кадыров Ахьмадан 65 шо кхачарца йоьзнера Соьлж-ГIалахь дIаяьхьна динан конференци.

Ша Кадыров Рамзан оцу барамехь хьалхарчу дийнахь ца хилла, Марсхьокхучу –беттан 25-чу дийнан суьйранна Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца цхьаьнакхетар дара цуьнан.

Билггал хууш дац, тIаьххьарчу дийнахь дакъалаьцна Кадыровс конференцехь, я ца лаьцна. Шен Iарбойн меттан хаарш цо цкъа а Iорадаьхна дац, ткъа ша барам Iарбойн маттахь дIабаьхьина.

Конференци ерзале цакхетамаш гIевттинера декъашхошлахь, тIеэцначу фетван чулацаман хьокъехь.

Болчу хаамашца, хенал хьалха оьрсийн делегацино букъберзийра.

Оьрсийн тобанан векало тIаьхьо дIахаийтира, билгал ца даьхначу бахьанашца, шаьш хьалхе дIадаха сацам конференци доггIушехь бинера аьлла.

Гуламан декъашхоша кхин а ши сацам тIеийцира. Хьалхарчу дIахьедарехь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дехар дара, салафизмана Оьрсийчохь бехкамбар, ламастан ислам муьлххачу а кепехь емалдар экстремизмалле хилар билгалдоккхуш.

Иштта цо хьоьху федералан юстицин министраллана динан хьехамаш бечу кхеташонна юкъа алссам Iеламчаш озор.

Оцу кхеташоно къасто деза, кхелашна гIодеш, муьлха текст ю экстремизм шеца йолуш, муьлханиг яц.

ШолгIачу дехарехь кхойкху исламах Iилма кхиорхьама кхеташо кхоллар, иштта Iеламчийн кхеташо вовшахтохар а.

Кадыров Рамзана бусалба нах шина декъе - нийсанаш а, мостагIий а - бекъа аьлла бина кхайкхам зуламе бу, тIеэцна фетва нах вовшашца эгIош ду бохуш дуьйцучаралахь динан дай хилла ца Iаш, политикаш а, кхиболу дахарера тергамчаш а бу.

Цул совнаха, Саратовн кIоштан муфтийс Бибарсов Мукаддаса бахарехь, фетвано тидаме ца оьцу Оьрсийчуьрчу бусулбачу къаьмнашлахь ладаме башхаллаш хилар, къаьсттина суфизм хийра ю, масала, ГIезалойчуьрчу а, Башкортостанерчу а, Къилбаседа Малхбалерчу а бусулбанашна.

Бакъдерг бакъ ду, яздо артиклан авторо Фуллер Лизас, Нохчийчуьра конференци лечкъош а доцуш, Оьрсийчоьнан президентан Путинан пурбанца дIаяьхьина яра.

Дахначу кIирнах махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахошца къамелдеш Соьлж-ГIалахь дIаяьхьна конференци салафиташа эккха йоллу бомба санна тIеэцна, аьлла Кадыров Рамзана, шайн кхетам цхьаьна а Iилманца ца догIу аьлла бевзашболчу Iеламчаша сацамбарна.

Кхечу дешнашца аьлча, Дин шен кепехь цакхеточарна таIзардан Iеминчу Кадыровс гоьбевллачу Iеламнехан кара бакъо елла шена дуьхьал а бовла.

Иштта чулацам болуш ю Маршо Радион комментаторо Фуллер Лизас арахецна артикл.

XS
SM
MD
LG