ТIекхочийла долу линкаш

Шен тIеман штаб кхолла дагахь ю цхьаьнатоьхна Европа


Франци-- Страсбургехь Европарламентан сессехь вистхуьлуш  ву Еврокомиссин президент Юнкер Жан-Клод, Гезг. 14, 2016

Франци-- Страсбургехь Европарламентан сессехь вистхуьлуш  ву Еврокомиссин президент Юнкер Жан-Клод, Гезг. 14, 2016

ТIеман операцеш дIахьош урхалла дан леррина штаб кхуллур ю Евроберто аьлла, дIахьедар дина Кхаарин дийнахь Страсбургехь Европарламентан сессехь вистхуьлуш Еврокомиссин президенто Юнкер Жан-Клода.

Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн армеш ша-ша яьккхича аьтто болуш яц радикалан исламисташна а, Оьрсийчоьнан агрессина а дуьхьал латта аьлла билгалдаьккхира цо.

Юнкера дийцарехь, Евробарто леррина штаб кхуллур ю Британи цхьаьнакхеттачу Европана юкъараяьллачул тIаьхьа. ХIара шо чекхдалале Еврокомиссино кхуллур ю леррина фонд, кхерамашна дуьхьало яр хьокъехь талламаш бан а, цу Iалашоне кхочуш инновацеш кхолла а.

XS
SM
MD
LG